bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Timothy 2
2 Timothy 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 3 →
1
Ткъа хьо, сан кӀант, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь.
2
Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дӀалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга.
3
Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дикачу тӀемалочо санна.
4
Цхьа а дика тӀемало шен цӀерачу гӀуллакхашна тӀера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтӀахь хила лууш.
5
Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь.
6
Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дӀакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа.
7
Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хӀума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло.
8
Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу.
9
Хаза кхаъ кхайкхорхьама тӀеэцна ас хӀара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.
10
Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хӀара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долу кӀелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.
11
Нийса аьлла ду: «Нагахь санна вайн Ӏийсаца далар хиллехь, Цуьнца цхьаьна дахар а хир ду вайн.
12
Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь, тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.
13
Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хӀетте а тешаме хир ву, хӀунда аьлча Ша-Шех дӀакъаьстийла дац Цуьнан».
14
И хӀуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дӀахьеде цаьрга, дешнаш тӀехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгӀурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац.
15
Делан къобалдар хьайна хилийтархьама, хьайн ницкъ кхочург дерриг а делахь. Цхьанна а агӀор эхь хетийла доцу дика белхало санна хилалахь, билггал бакъдолчух лаьцна долу дош ма-дарра нийса а хьоьхуш.
16
Ӏеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хӀунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху.
17
Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дӀасабаьржа. И Ӏеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХӀуьманай а, Пилти а.
18
Уьш билггал бакъдолчунна тӀера дӀабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху.
19
Делахь а Дала дӀахӀоттийна болу онда бух чӀогӀа лаьтташ бу. Цунна тӀе дӀаяздина хӀара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХӀора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
20
Муьлххачу а доккхачу цӀа чохь дашо а, дато а пхьегӀаш хилла а ца Ӏаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегӀаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гӀуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гӀуллакхна лелош хуьлу.
21
Иштта массо а вон долчух цӀанвелларг а хир ву лакхарчу гӀуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегӀа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гӀуллакхна кийча а.
22
Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦӀеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргӀато а.
23
Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хӀунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий.
24
Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кӀеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза.
25
Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.
26
ТӀаккха и мостагӀий а, дохко а бевлла, меттабогӀур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дӀалаьцначу цуьнан речӀанах паргӀатбевр бу.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4