bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Timothy 3
2 Timothy 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
1
Хаалахь, тӀаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю.
2
Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтӀахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш.
3
Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хӀума бӀаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.
4
Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кӀоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах.
5
Дин лелорехь тӀехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дӀатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.
6
Къайлаха нехан хӀусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КӀеда дог долу зударий кӀелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий.
7
Динах лаьцна хьехамаш даим Ӏамо гӀерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга.
8
Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
9
Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.
10
Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Ӏалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь.
11
Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со.
12
Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тӀаьхьа а хӀоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.
13
ХӀилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.
14
Хьох лаьцна-м хӀара эр ду ас: хьайна Ӏемина долу а, хьо тешна волу а и гӀуллакх кхидӀа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.
15
Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.
16
Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Ӏаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гӀалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш.
17
Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4