bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Timothy 4
2 Timothy 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
1
Дала леррина къобалвина волу Ӏийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чӀагӀо а еш, ас хӀара весет до хьоьга:
2
дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде.
3
ХӀунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугӀур доцу хан тӀейогӀур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта.
4
Билггал бакъболчу хьехамах дӀа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш.
5
Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гӀуллакх а деш, хьайна тӀедиллинарг дерриге а чекх а даккха.
6
Сайх лаьцна хӀара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагӀа даккха дуттуш долу чагӀар санна ду — со дӀакхалха веза хан тӀееана.
7
Дикачун дуьхьа бечу тӀамехь ас хьуьнарца тӀом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди.
8
Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.
9
Тимапи, хӀуъа а дай, суна сихха тӀекхачахьара хьо.
10
ХӀара дуьне шена дезарна, сох дӀа а къаьстина, Тассалник-гӀала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана.
11
Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тӀехь суна пайден хир ву иза.
12
ТихӀак Эпас-гӀала вахийтина ас.
13
Троя-гӀалахь Карпу волчохь ас йитина сан тӀеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тӀаьрсигна тӀехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогӀуш.
14
Дукха зуламаш дина суна цӀестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таӀзар дийр ду цунна.
15
Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чӀогӀа дуьхьалваьлла иза.
16
Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гӀо даккха цхьа а ца веара, массара а дӀатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала!
17
Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дӀакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дӀахазийта а. Иштта кӀелхьарваьккхинера со лоьман багара.
18
Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кӀелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дӀа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.
19
Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а, Анисапаран цӀерачаьрга а.
20
Арсати Коринт-гӀалахь висира. Ткъа ТрахӀим Милет-гӀалахь витира ас, иза цомгуш волу дела.
21
ХӀуъа дай а, Ӏа тӀедале, схьакхача гӀортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Ӏевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а.
22
Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
All chapters:
1
2
3
4