bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ephesians 2
Ephesians 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 3 →
1
Ткъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш.
2
Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.
3
Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.
4
Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна,
5
къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу.
6
Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула.
7
Цо иза дина, тӀейогӀун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду.
8
Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду.
9
Аша дика гӀуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де.
10
Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.
11
Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара.
12
Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дӀакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогӀучу чӀагӀонийн а декъахь а дацара шу. КӀелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Ӏеса адамаш дара.
13
Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла.
14
Ӏийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагӀалла вайна юкъара дӀадаьккхина Цо,
15
Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш.
16
ЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо.
17
Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Ӏийсас,
18
хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.
19
И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.
20
Векалийн а, пайхамарийн а бух тӀехь хьалахӀиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Ӏийса Ша са болу коьрта тӀулг бу.
21
Иза бахьана долуш, и ерриге а гӀишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цӀа цунах хьала а хӀоттош.
22
Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6