bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ephesians 5
Ephesians 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 6 →
1
Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш.
2
Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.
3
Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бӀаьрмециг хилар а — и хӀуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цӀе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь.
4
Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргӀада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гӀоле ду шуна.
5
ХӀунда аьлча хӀара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бӀаьрмециг верг (иза цӀушна Ӏамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.
6
Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш тӀейогӀу муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло.
7
Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь.
8
Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хӀинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш.
9
ХӀунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо.
10
Везачу Элана тамехь дерг хӀун ду те бохуш, зуьйш хилалаш.
11
Стом ца лучу боданечу гӀуллакхашна юкъа ма гӀерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш.
12
ХӀунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду.
13
Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю.
14
Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагӀатта, вижина Ӏуьллург, беллачарна юкъара денло, тӀаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву».
15
Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш.
16
Мел хуьлучу таронах пайда эца, хӀара зама мекара йолу дела.
17
Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гӀерталаш.
18
Сийсаза лелар долуьйту чагӀар тӀех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш.
19
Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тӀера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш.
20
Даим а, массо а хӀуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан цӀарах.
21
Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.
22
Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтӀахь хилалаш.
23
ХӀунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегӀ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КӀелхьарйоккхург ма ву Иза.
24
Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтӀахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хӀуманна тӀехь шайн майранашна муьтӀахь хила беза.
25
Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дӀаделла Цо.
26
Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цӀан а йина, иза язъярхьама а,
27
динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама.
28
Иштта, майранаш, шайн догӀмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза.
29
ХӀунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегӀ ца дезаш. Мелхо а, шен дегӀ цо кхаба а кхобу, Ӏалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна.
30
Вай Цуьнан дегӀан меженаш ма ю.
31
«Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду», — Делан Йозанаша ма-бохху.
32
Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду.
33
Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хӀоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6