bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ephesians 6
Ephesians 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
1
Бераш, шу Везачу Элаца хиларна, шайн дай-наношна муьтӀахь хилалаш, хӀунда аьлча иза нийса ду.
2
«Шайн да а, нана а лара» — чӀагӀо тӀетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза:
3
«хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тӀехь дукха вахийтархьама а».
4
Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Ӏама а беш.
5
Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цӀеначу дагца муьтӀахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь шаьш ма-хиллара.
6
Царна муьтӀахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргӀанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш.
7
Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гӀуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш.
8
Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг.
9
Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тӀехь а, шайна тӀехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо.
10
Ткъа тӀаьххьара а бохург хӀара ду: чӀагӀло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а.
11
Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхӀитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила.
12
ХӀунда аьлча вай адаман дилхана а, цӀийна а дуьхьал беш бац тӀом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу.
13
Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тӀедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хӀума кхочушдича, кхидӀа а латтархьама а.
14
Цундела иштта дӀахӀитталаш: шайн гӀодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дӀа а ехкий, нийсонан гӀагӀ шайна тӀе а духий,
15
машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий.
16
Цу массо а хӀуманна тӀе тешаран турс схьаэца — цӀе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дӀадайа таро хир ю шун.
17
КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца — иза Делан дош ду.
18
Муьлххачу а хенахь Делан Синан гӀоьнца доӀанаш делаш, массо а тайпана доӀа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тӀера кхидӀа доӀанаш а делаш.
19
Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш.
20
Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Ӏийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дӀакхайкхабайта алий.
21
Ткъа сох лаьцна а, сан гӀуллакхех лаьцна а — шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гӀуллакхдархочо ТихӀака дӀадуьйцур ду шуна.
22
Шу долчу, тхан гӀуллакхех лаьцна шуна дӀахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза.
23
СинпаргӀато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.
24
Делан дика хуьлийла хедар боцучу безамца вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвина Ӏийса везачаьрца массаьрца а.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
All chapters:
1
2
3
4
5
6