bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ephesians 4
Ephesians 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 5 →
1
Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тӀекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш.
2
Вовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш.
3
Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш.
4
Массо а тешачийн цхьа дегӀ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тӀекхайкхина ма-хиллара.
5
Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду.
6
Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тӀехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву.
7
Ткъа вайх хӀоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара.
8
Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахӀоьттира Иза. Адамашна Цо совгӀаташ делира».
9
Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хӀун ду, цкъа хьалха лаьтта тӀе охьавеанера Иза бохург дацахь?
10
Охьавеанарг а, Шеца массо а хӀума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву.
11
Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина.
12
Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гӀуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ дӀахӀотто а.
13
Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц.
14
Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту.
15
Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хӀуманна тӀехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта — Дала леррина Къобалвинарг ву.
16
Цуьнан дегӀ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегӀан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХӀора межено, шен-шен похӀме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегӀ безамца хьала а кхиадой, дӀахӀоттадо.
17
Цундела, Везачу Элан цӀарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хӀинца чул тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Ӏелаш.
18
Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду.
19
Дерриг эхь а дайина, шайн догӀмийн боьхачу лаамашна тӀаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хӀуманаш ца Ӏебаш кхочушдо цара.
20
Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна.
21
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Ӏийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догӀуш ма-хиллара шу Ӏамийнера.
22
Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам.
23
Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта.
24
Билггал нийса а долуш, цӀена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дӀахӀитта.
25
Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дӀа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца.
26
Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш.
27
Ма йита иблисана цхьа а меттиг.
28
ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан.
29
Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хӀиттош, ладугӀуш болчарна тамехь а долуш.
30
Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц.
31
Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тӀера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгӀазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дӀадаккха.
32
Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтӀера довла.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6