bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezra 1
Ezra 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 2 →
1
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:
2
«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла.
3
Веза Эла — Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла.
4
Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».
5
ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.
6
Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна.
7
Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу.
8
Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира.
9
Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю: дешин бошхепаш — ткъе итт; детин бошхепаш — цхьа эзар; арсаш — ткъе исс;
10
дешин кедаш — ткъе итт; кхидолу детин кедаш — биъ бӀе итт; кхидолу кедаш — цхьа эзар.
11
Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10