bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezra 5
Ezra 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 6 →
1
Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Ӏидун кӀант Закри-ЯхӀу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цӀарах ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхӀудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира.
2
ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.
3
Цу хенахь царна тӀевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тӀехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаӀе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» — аьлла.
4
ТӀаккха оха дӀайийцира царна и гӀишло еш болчеран цӀераш.
5
Амма Дела яхӀудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дӀа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц.
6
Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду.
7
Кехатан чулацам хӀара бу: «Боккхачу машарехь Ӏойла хьо, Дари-Ваша-паччахь!
8
Паччахьна дӀахоийла тхо яхӀудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цӀа дахана хилар. ЯхӀудхоша и цӀа даккхийчу тӀулгех деш ду, цу тӀулгашна юккъе дечиган дукъош а хӀиттош. ЯхӀудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо.
9
Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ — аьлла.
10
Цул сов, оха церан цӀераш а хаьттира. Тхан Ӏалашо яра церан цӀераш дӀаязъяр, церан коьртехь берш хьуна бовзийтархьама.
11
Цара тхоьга делла долу жоп иштта дара: „Стигалан а, лаьттан а Дела Волчун леш ду тхо. Дуккха а шераш хьалха дина долу Делан цӀа юхаметтахӀоттош ду тхо. ХӀара цӀа Исраилан халкъан сийлахьчу паччахьо дина чекхдаьккхина а ду.
12
Амма тхан дайша стигалара Дела оьгӀазвахийтира. ТӀаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дӀабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цӀа доха а дина, халкъ Бавеле дӀадигира.
13
Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цӀа юхаметтахӀоттаде аьлла.
14
Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цӀа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегӀаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цӀа чуьра ара а яьхна, ЯхӀудан мехкада хӀоттийна волчу Шишбацаре дӀаелира.
15
Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХӀара дешин а, детин а хӀуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юха дӀахьо. Ткъа Делан цӀа ша хьалха хиллачу меттехь дӀахӀоттаде’.
16
ТӀаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цӀийнан бух боьттира. ХӀетахь дуьйна схьа и цӀа деш а ду, хӀинца а дина далаза а ду“.
17
Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тӀехь дӀаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цӀа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тӀаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гӀуллакхна тӀехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10