bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezra 4
Ezra 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 5 →
1
ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.
2
Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тӀе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хӀунда аьлча тхо а ду шун Далла Ӏамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагӀанаш дохуш ду».
3
Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара».
4
ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама.
5
Цара хьехамчаш лецира, уьш яхӀудхошна дуьхьалбахархьама. И хӀума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша паччахь дӀахӀотталц.
6
Ахьаш-Варуш Парси-махкахь паччахьалле веанчу хенахь, яхӀудхойн мостагӀаша Ярушалайман а, ЯхӀудан а бахархой бехкебеш кехат яздира.
7
Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера.
8
ТӀаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна:
9
«Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а.
10
Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу».
11
ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште — Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара.
12
Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш.
13
Нагахь санна и гӀала юхаметта а хӀоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду.
14
Иштта, паччахьан цӀен тӀера алапаш тхуна луш долу дела, тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хӀара кехат яздо хьоьга.
15
Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина.
16
Цундела оха паччахье хаам бо: нагахь санна, цу гӀалин пенаш хьала а доьттина, иза юхадӀахӀоттаяхь, Эпрат-хил дехьа хьан долахь латтанаш хир дац».
17
Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира: «Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а.
18
Аша даийтина долу кехат, гоч а дина, суна дӀадешна.
19
Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла.
20
Ярушалаймехь чӀогӀа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гӀалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агӀонгахь мел долчу латтанаш тӀехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла.
21
Ткъа аша хӀинца цу нахана тӀедилла деза, Ярушалайм юхаметтахӀоттош шаьш болийна болу белхаш аса шайна пурба даллалц совцабе аьлла.
22
Ларлолаш, цу хӀуманна тӀехь шаьш кхоа ма делаш. Пачхьалкхана дуьхьал зе хиллал и хӀума сов ма далийталаш!»
23
Артахь-Шашта-паччахьо дахьийтина долу кехат Рахьимана а, йозанча волчу Шимшайна а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчарна а хьалха дӀадешна ма-делли, цара, сихха яхӀудхой болчу Ярушалайме а бахана, шайн нуьцкъалчу куьйгаца цаьрга болийна болу белхаш сацабайтира.
24
Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10