bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezra 2
Ezra 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 3 →
1
ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора стаг шен-шен гӀала юхавирзина.
2
Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш:
3
ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
4
Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);
5
Арахьин тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта стаг (775);
6
Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара — ши эзар бархӀ бӀе шийтта стаг (2812);
7
Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);
8
Затун тӀаьхьенах берш — исс бӀе шовзткъе пхи стаг (945);
9
Закайн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);
10
Банин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе ши стаг (642);
11
Бебайн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе кхо стаг (623);
12
ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе ткъе ши стаг (1222);
13
Адуникхаман тӀаьхьенах берш — ялх бӀе кхузткъе ялх стаг (666);
14
БигӀвайн тӀаьхьенах берш — ши эзар шовзткъе ялхитта стаг (2056);
15
Ӏадин тӀаьхьенах берш — виъ бӀе шовзткъе вейтта стаг (454);
16
Атари аьлла, кхин цӀе йолуш волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера — везткъе берхӀитта стаг (98);
17
Бецайн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе кхо стаг (323);
18
Йоврин тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шийтта стаг (112);
19
Хьашуман тӀаьхьенах берш — ши бӀе ткъе кхо стаг (223);
20
Гибарин тӀаьхьенах берш — везткъе пхийтта стаг (95);
21
Байтлахам-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе кхо стаг (123);
22
НатӀупат-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе ялхитта стаг (56);
23
Ӏанатот-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);
24
Ӏазмават-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе ши стаг (42);
25
Кхиръят-ЯӀариман, Капира-гӀалин, Баировтан бахархойн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе шовзткъе кхо стаг (743);
26
Рамера а, ГибаӀ-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе цхьа стаг (621);
27
Михмасан бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе ши стаг (122);
28
Бетал-гӀалин а, ГӀай-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш — ши бӀе ткъе кхо стаг (223);
29
Набу-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе шийтта стаг (52);
30
МагӀбиш-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шовзткъе ялхитта стаг (156);
31
Ӏейлам-гӀала цӀе йолчу вукху гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);
32
Хьарми-гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъа стаг (320);
33
Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а бахархойн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе ткъе пхи стаг (725);
34
Ерихонера бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе шовзткъе пхи стаг (345);
35
Саниара бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо эзар ялх бӀе ткъе итт стаг (3630).
36
Динан дай: Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах волчу ЮшаӀан доьзалера — исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг (973);
37
Амиран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг (1052);
38
Пашихьуран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг (1247);
39
Хьармин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар вуьрхӀитта стаг (1017).
40
Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а тӀаьхьенах болчу ХӀудав-ЯхӀун доьзалера — кхузткъе вейтта стаг (74).
41
Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128).
42
Делан цӀийнан кевнерачу гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе ткъайоьсна стаг (139).
43
Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,
44
Кхейрусан а, СияӀан а, Падунан а,
45
Либанин а, ХьагӀабин а, Ӏакхубин а,
46
ХьагӀибан а, Шалмайн а, Хьананан а,
47
Гидалан а, Гахьарин а, Раи-ЯхӀун а,
48
Рицанан а, Накхудин а, Газамин а,
49
Ӏузин а, Писухьан а, Бесайн а,
50
Аснин а, МуӀаниман а, Напусиман а,
51
Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
52
Бацлутин а, Махьдин а, Хьарашин а,
53
Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
54
Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.
55
Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
56
ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
57
Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Амун а тӀаьхьенех берш.
58
Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а верриг а кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.
59
Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Аддан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо:
60
Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг вара (652).
61
Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун а, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг, Барзалай аьлла цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура.)
62
И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира.
63
ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.
64
Массо а йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь шовзткъе ши эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара,
65
царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе илланча а вара.
66
Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а,
67
йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.
68
И тоба Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀа долчу дӀакхаьчча, доьзалийн дайх цхьаболчара шайн лаамца совгӀаташ делира, хиллачу меттигехь Везачу Элан цӀа карладаккхархьама.
69
Цу наха хазни чу шайга далуш долу совгӀаташ дира. Цара кхузткъе цхьа эзар хиллал долу дарик олу деши ахча а, пхи эзар мин дети ахча а, цхьа бӀе динан дайша лелош йолу бедарш а елира.
70
Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гӀаланашкахь баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гӀаланашкахь даха охьахиира.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10