bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Malachi 1
Malachi 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 2 →
1
ХӀара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу.
2
«Суна шу дезаделла», — боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тӀехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» — боху. «Ӏесав Якъубан ваша ма хилла? — боху Везачу Эло. — Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а хаьржинера,
3
амма Ӏесав а, цуьнан тӀаьхье а дӀатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангӀалкхашна дӀаделира».
4
Нагахь санна Ӏесаван тӀаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахӀоттор ду», — бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахӀоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТӀаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгӀазло гуттаренна тӀехь йолу халкъ“ эр ду».
5
Иза шун бӀаьргашна гур ду, тӀаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»
6
«КӀанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догӀу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богӀу ларам? — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цӀе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цӀе?“
7
СагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина.
8
Къилахь дац ткъа, сагӀина дахьаш дерг бӀаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагӀина деанарг астагӀа я цамгар кхеттарг хилча? ДӀакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна — реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тӀеоьцур варий те цо?» — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
9
«Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тӀеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
10
Цул гӀолехь хир дара, сагӀа доккхучу Сан кхерчана тӀехь эрна цӀе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цӀийнан неӀарш дӀакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац.
11
Малх гучуболучуьра малх дӀабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цӀе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, цӀена долу сагӀанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цӀе халкъашна юкъахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
12
Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ.
13
Цу тӀе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кӀордийна-кх хӀара дерриге а!“ — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Лачкъийна а, астагӀа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагӀина деача, резахиларца шун карара уьш тӀеэца дезий те Аса? — боху Везачу Эло. —
14
НеӀалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагӀ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагӀ сагӀина бан ша чӀагӀо йина йоллушехь, сагӀина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — ХӀунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цӀе а ю халкъашна юкъахь кхераме».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4