bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Malachi 3
Malachi 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
1
«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча — хьовсал, иза вогӀур ву», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
2
Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогӀу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХӀунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цӀе санна а, дерриге а цӀандеш долу саба санна а ву.
3
Иза дети лалош а, цӀандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цӀанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагӀанаш цаьрга дахийтархьама.
4
ТӀаккха Везачу Элана яхӀудхойн а, ярушалаймхойн а сагӀанаш тамехь хир ду, ширачу заманан деношкахь санна а, дӀадаханчу шерашкахь санна а.
5
«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
6
«Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тӀаьхьенах дерш, цхьана а агӀор хийца а ца делла!
7
Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тӀера дӀадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Амма аша хотту: „Муха тӀедерза тхо?“ — олий.
8
Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХӀун деш къола до оха?“ — хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа Суна цадаларца а, Суна догӀу сагӀанаш цадахарца а до.
9
Хьуна тӀехь, дерриг а халкъ, неӀалт ду, хӀунда аьлча аша Суна къола до.
10
Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа дерриг а чӀоьнашна чу, Сан дезачу цӀа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тӀехь зейша Со, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ас дӀайоьллур яц ткъа шуна стигалан неӀарш, тӀеӀанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
11
Ас шун дуьхьа доьхкур ду цӀазана лаьттан стоьмаш хӀаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
12
Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хӀунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
13
«Шун дешнаш Суна хьалха кӀоршаме ду, — боху Везачу Эло. — Амма аша хаттар до: „ХӀун аьлла оха Хьуна дуьхьал?“ — бохуш.
14
Аша элира: „Далла гӀуллакх дар эрна ду. ХӀун пайда бу Цо тӀедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран?
15
Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Ӏаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“».
16
ТӀаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тӀехь дӀаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цӀе лоручеран а цӀераш.
17
«Уьш Сан хир бу, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ас бекхам бечу дийнахь царах Сан долахь долу жовхӀар хир ду. Ас царах къинхетам бийр бу, дас шена гӀуллакх деш волчу кӀантах къинхетам баре терра.
18
ТӀаккха юха а гур ю шуна хьаналчунна а, Ӏесачунна а, Далла гӀуллакх деш волчунна а, воцучунна а юкъахь йолу башхалла».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4