bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Malachi 4
Malachi 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
1
«Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а — берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
2
Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду.
3
Ӏесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кӀел уьш чан санна хир болу дела», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
4
«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам — Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.
5
Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале.
6
Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дӀа а ваийтина, Соьга шайн мохк дӀа а къастабайтина, иза кхоччуш хӀаллак ца байтархьама».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
All chapters:
1
2
3
4