bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Malachi 2
Malachi 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 3 →
1
Цундела, динан дай, шуьга ду хӀара весет.
2
«Нагахь санна аша ла ца догӀахь, нагахь санна Сан цӀе лара шу доггаха тӀедирзина дацахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Ас шуна неӀалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХӀинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тӀе ца дерзийна дела.
3
Ас шух схьайолучу тӀаьхьенна таӀзар дийр ду. Шун юьхь тӀе кхелли кхуссур ю Ас — шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагӀанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дӀакхуьссур ду.
4
ТӀаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
5
Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дӀабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира — уьш Сан цӀаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира.
6
Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тӀера. Уьш Соьца машарца а, догцӀеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.
7
ХӀунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.
8
Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тӀера дӀадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
9
Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьӀаьржа дина дӀахӀиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гӀуллакхаш тӀехь аша озабезамаш лелабо дела а».
10
Цхьа да вац ткъа вайн? Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХӀунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш?
11
ЯхӀудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хӀума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цӀа сийсаздаьккхина яхӀудхойн халкъо, хийрачу делан йоӀ цо шена ялийна йолу дела.
12
Иштта дерг лелош волу милла а Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах дӀахадавойла! Цунах цхьа а ма вуьсийла, массо а ницкъийн Везачу Элана сагӀанаш дахийта!
13
Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу.
14
Аша-м хаттар до: «ХӀун бахьанина?», — бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь.
15
Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал.
16
«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», — боху Исраилан халкъан Везачу Дала «И деш волчо ша къизаллех вузаво, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».
17
Аша Веза Эла шайн дешнашца кӀадвина. «Оха муха кӀадвина Иза?» — олу аша. «Муьлхха а зулам деш верг Везачу Элан бӀаьргашна хьалха дика ву, Цо ишттачаьргахьа озабезам бо», — аларца, аша шаьш кӀордадайтина Цунна. Я иштта аларца: «Мичахь ву нийса кхел еш волу Дела?»
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4