bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Revelation 1
Revelation 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 2 →
1
Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.
2
Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг.
3
Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.
4
Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,
5
билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,
6
Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин.
7
Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тӀаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
8
«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, — боху Везачу Дала. — Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».
9
Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со.
10
Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.
11
Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».
12
И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар.
13
Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.
14
Цуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна.
15
Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз.
16
Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
17
Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а.
18
Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.
19
Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.
20
Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа — уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар — уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22