bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Revelation 18
Revelation 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 19 →
1
Цул тӀаьхьа суна гира стигалара охьадогӀу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра.
2
Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.
3
ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».
4
ТӀаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гӀали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
5
Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.
6
Цо кхечарна динчу гӀуллакхашка хьажжий, дӀадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дӀадекхалаш цунна. Цо шайна чагӀар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагӀар кечде аша цунна.
7
Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Ӏийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гӀайгӀанехь а хилийта иза. ХӀунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Ӏаш ю. Со йисина Ӏаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гӀайгӀане!“
8
Цундела цхьана дийнахь богӀур бу цунна тӀе цуьнан баланаш: ялар а, гӀайгӀане хилар а, мацалла а. И гӀала цӀергахь йогур ю, хӀунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».
9
ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.
10
Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гӀала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин! ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»
11
Оцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц.
12
Уьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а,
13
хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш.
14
Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хӀуманаш ерриш а хьан долара дӀаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан».
15
И массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш,
16
цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь. Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а, жовхӀаршца а кечйора хьо.
17
Цхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира.
18
Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!»
19
ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».
20
Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.
21
Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира: «Ишттачу ницкъаца хӀаллакйийр ю сел йоккха йолу Бавел-гӀала, иза кхин юха хир а йоцуш!
22
Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маӀаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гӀовгӀа а хезар яц хьуна чохь.
23
Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Ӏехийнера массо а халкъаш».
24
Кху гӀалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цӀий!
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22