bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Revelation 3
Revelation 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 4 →
1
«Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду.
2
Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чӀагӀде, иза хӀаллакьхилале. ХӀунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гӀуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар.
3
Шаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со.
4
Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гӀуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кӀайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хӀунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу.
5
Толам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.
6
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
7
«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.
8
„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна.
9
Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла.
10
Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах.
11
Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта.
12
Толам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.
13
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
14
«Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо:
15
„Девза Суна шун гӀуллакхаш — шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу!
16
Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу.
17
ХӀунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хӀумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бӀаьрзе а, дерзина а хиларх!
18
Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама!
19
Сайна везарг, метта а валош, таӀзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тӀедерза!
20
Хьовсал! Со, неӀарах пӀелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неӀ дӀайиллинчун цӀа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хӀума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву.
21
Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.
22
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22