bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Revelation 2
Revelation 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 3 →
1
«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо:
2
„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна.
3
Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира.
4
Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хӀума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дӀатесна.
5
Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.
6
Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.
7
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».
8
Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо:
9
„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду.
10
Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
11
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».
12
«Паргам-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агӀор ира долу тур Долчо:
13
„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.
14
Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хӀума ду Сан. БалиӀаман хьехамаш тӀелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гӀуллакхаш леладайта Ӏамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цӀушна сагӀина лерина еана хӀума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хӀума леладойтура исраилхошка.
15
Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь.
16
Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах.
17
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».
18
«Иштта Тхьайтир-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху бӀаьргаш цӀеран алу санна а, когаш къегачу цӀастанах санна а болчу Делан КӀанта.
19
„Суна девза шун гӀуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гӀо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тӀаьххьарлера гӀуллакхаш хьалха дина долчу гӀуллакхел сов дуйла а.
20
Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хӀума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цӀе йолчу зудчунна дан магош доцу гӀуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хӀуманаш а леладойтуш, цӀушна сагӀина еана хӀума а йоуьйтуш.
21
Аса Сайна тӀеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гӀуллакхех дӀаерза.
22
ХӀинца Ас цамгарийн Ӏазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гӀуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гӀуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тӀе ца берзахь.
23
Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.
24
Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кӀоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тӀаьхьахӀиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тӀе ца йохку Ас шуна.
25
Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’.
26
26-28 Толам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду, кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа.
27
***
28
***
29
Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22