bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Thessalonians 1
1 Thessalonians 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 2 →
1
ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешачийн Тассалник-гӀалара тобане. Делан дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
2
Тхайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тӀера даим Далла хастам бо оха.
3
Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гӀуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха.
4
Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна.
5
Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Ӏаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Ӏара.
6
Делан дош тӀе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дӀахӀитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.
7
Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Ӏийсах тешаш болчарна шух масал хилла.
8
Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Ӏаш, массо а кхечу меттигашка а дӀасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хӀума дац.
9
ХӀунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тӀе муха даьхкира а, иштта шу, цӀуйх дӀа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гӀуллакх дархьама.
10
Цара дуьйцу, Делан КӀант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгӀуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тӀейогӀу йолчу Делан оьгӀазлонах вай кӀелхьардоху волу а Ӏийса ма ву и КӀант.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5