bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Thessalonians 4
1 Thessalonians 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 5 →
1
Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар.
2
Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа.
3
Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догӀмаш лардан деза аша, хӀунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дӀакъасто.
4
Шух хӀоранна а хаа деза, цӀена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто хӀун дан деза.
5
Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу.
6
Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара.
7
Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина.
8
Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.
9
Шуна вовшийн деза Дала Ша Ӏамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хӀума дийца оьшуш дац.
10
ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна.
11
Шу чӀогӀа гӀерта деза тийна даха. Шайн гӀуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха.
12
Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу.
13
Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна.
14
Вай Ӏийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Ӏийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша.
15
Везачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац.
16
ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу.
17
Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.
18
Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5