bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Thessalonians 5
1 Thessalonians 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
1
Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хӀумма а яздан оьшуш дац.
2
Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цӀеххьана вогӀу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тӀекхочур ду Везачу Элан де.
3
«ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» — адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац.
4
Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тӀекхача.
5
Шу массо а серлонан кӀентий а, дийнан кӀентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кӀентий дац.
6
Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза.
7
ХӀунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха.
8
Ткъа вай серлонан кӀентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гӀагӀ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кӀелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гӀем а йина, кхетамехь хила деза.
9
Вай Дала оьгӀазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна кӀелхьардовлар далархьама хаьржина ду.
10
Ӏийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогӀучу хенахь вай дийна я делла делахь а.
11
Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де.
12
Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гӀуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар.
13
Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.
14
Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а.
15
Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.
16
Гуттара а самукъане а хилалаш,
17
даим а доӀанаш деш а хилалаш,
18
массо а хӀуманна Далла хастам а белаш, хӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.
19
Йовш йолу цӀе санна, Делан Са дӀа ма дайталаш.
20
Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш.
21
Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш.
22
Муьлххачу а зуламах ларлолаш.
23
Вайн синна паргӀато луш волчу Дала Ша цӀан а дина, массо а агӀор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегӀ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу хенахь дуьззина къинойх цӀена латтадойла.
24
ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара.
25
Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера.
26
Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло.
27
Везачу Элах дуй баарца доьху хӀара кехат массо а динан вежаршна дешар.
28
Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
All chapters:
1
2
3
4
5