bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Thessalonians 3
1 Thessalonians 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 4 →
1
Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гӀалахь севцира тхо.
2
2-3 Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла.
3
***
4
Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дӀахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира.
5
Цундела, шун Ӏийсах тешаран гӀуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера.
6
Ткъа хӀинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга.
7
Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна.
8
Шу Везачу Элаца чӀагӀделла долу дела, тхо хӀинца ирсе деха.
9
Шуна тӀера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо.
10
Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доӀанаш дийр ду оха.
11
Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка.
12
Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла.
13
Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чӀагӀдархьама. ТӀаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Ӏийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогӀучу хенахь. Амин.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5