bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Thessalonians 2
1 Thessalonians 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
1
Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тӀедахкар эрна ца хилар.
2
Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гӀалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гӀиртира.
3
ХӀунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гӀертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хӀилла дар.
4
Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш.
5
ХӀунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх!
6
Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тӀе ца дуьллу оха.
7
Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кӀеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо.
8
Иштта тхо шух дӀаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Ӏаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дӀадала лиира тхуна.
9
ХӀунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогӀу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а.
10
Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цӀена а, Делан лаамехь а, ала хӀума а ца дуьтуш тхо муха Ӏара.
11
Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха.
12
Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хӀиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама.
13
Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тӀеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хӀара дош болх беш а ду.
14
Динан вежарий, шу ЯхӀуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах.
15
Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах.
16
Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кӀелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тӀехбоккху, амма Делан оьгӀазло эххар а тӀекхаьчна царна.
17
Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гӀертара тхо.
18
Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахӀал волу со цкъа а, шозза а гӀоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора.
19
Ткъа мила ву хӀинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Ӏийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогӀуш, хиндерш?
20
Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5