bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Esther 1
Esther 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 2 →
1
ХӀара хӀума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц йолчу цхьа бӀе ткъе ворхӀ меттигна тӀехь.
2
Кху дийцар тӀехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гӀалин гӀопахь лаьтташ долчу паччахьан гӀанта тӀера паччахьалла дора.
3
Ша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гӀуллакх деш болчарний лерина той хӀоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цӀийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кӀел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь.
4
И той чӀогӀа деха лаьттира: бӀе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дӀагойтура хьешашна.
5
И бӀе дезткъа де дӀадаьллачул тӀаьхьа паччахьо Шушан-гӀалин гӀопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дӀахӀоттийра. И той ворхӀ дийнахь лаьттира паччахьан цӀийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тӀера уггар а хьалдолчу стагана тӀекхаччалц волу цу гӀопара массо а вахархо.
6
И керт яра кӀайчу а, сийначу а басахь долчу втанан кӀадешца кечйина. Уьш кӀайн а, цӀарула-цӀен а долчу кӀадинах йинчу тӀергашца шагатӀулган бӀогӀамашна тӀе даточу хӀазаршца дӀатесна яра. Деших а, детих а йина садаӀа меттигаш яра уьйтӀахь кечйина. И уьйтӀе, баьццара тӀулгаш а, шагатӀулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хӀума а, иштта Ӏаьржа тӀулгаш а дехкина, кечйина яра.
7
Хьешашна тӀекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагӀар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара.
8
Ца луучунна малар малийтар тӀе ца дожадора, хӀунда аьлча паччахьо дина омра дара, хӀоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.
9
Паччахьан зудчо Вашатис а хӀоттийнера паччахьан цӀа чохь болчу зударшна лерина долу той.
10
ВорхӀалгӀачу дийнахь, шен дог чагӀар бахьана долуш самукъадаьлла дӀахӀоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьӀна волчу ворхӀ ялхочуьнга МахӀу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигӀатига, АбагӀтига, Зитарга, иштта КӀаркасе а омра дира,
11
шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тӀехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дӀагайта. Зуда-паччахь Вашати чӀогӀа хаза яра.
12
Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьӀначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан. Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара.
13
Ӏедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гӀуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дӀаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хӀун дан деза аьлла.
14
Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цӀераш яра: Каршани, ШетӀур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхӀ эла паччахьна паргӀат тӀекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара.
15
Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гӀиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хӀун таӀзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».
16
ТӀаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Ӏа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке.
17
Вашатис динарг шайна дӀахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дӀахӀуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“.
18
ХӀинцачул тӀаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дӀахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю.
19
Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дӀакхайкхо беза. И лакхарчу Ӏедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дӀа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дӀадала деза паччахьо.
20
И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дӀахиъначул тӀаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цӀе яхна болчарна тӀера дуьйна кӀезигчу нахана тӀекхаччалц».
21
Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чӀогӀа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тӀеийцира.
22
Цо шен пачхьалкхан массо а маьӀӀе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хӀора меттиган абатан низамехь а, хӀора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тӀехь аьлла дара, хӀора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цӀахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10