bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Esther 7
Esther 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 8 →
1
Паччахь ХӀаманца Эсирата кечдинчу тойне вахара.
2
Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагӀар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хӀун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дӀаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду».
3
ТӀаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХӀара ду-кх сан хьоьга долу дехар,
4
хӀунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хӀаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хӀумма а эр дацара, и хӀума а дина, мостагӀчо паччахьна хилла зе меттахӀоттор доццушехь».
5
ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хӀума динарг мила ву? Схьагайта суна и хӀума дан ваьхьна волу стаг».
6
Эсирата элира: «И буьрса мостагӀа а, зуламе стаг а хӀара ву: ХӀаман!» Ткъа ХӀаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара.
7
ЧӀогӀа оьгӀазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гӀаьттина, шен цӀенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХӀаман Эсирате, ша кӀелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таӀзар дийр дуйла.
8
Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агӀоръяьлла Ӏаш йолчу меттан йисте воьжна Ӏуьллуш волу ХӀаман. ЧӀогӀа оьгӀазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тӀекхетта хьо!» Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХӀаманан юьхь къайлаяьккхира.
9
Паччахьан ваьӀначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХӀаманан цӀенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бӀогӀам бу. Иза ХӀамана паччахь воьчуьра кӀелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хӀоттийна бу». ТӀаккха паччахьо элира: «ХӀаман цу бӀогӀам тӀехь ирхъолла!»
10
ХӀаман ша Мардахайна кечбина болчу бӀогӀам тӀехь ирхъоьллира. Цул тӀаьхьа паччахь оьгӀазваханчуьра юхавирзира.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10