bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Esther 8
Esther 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 9 →
1
Ахьаш-Варуш-паччахьо цу дийнахь паччахьан зудчунна Эсиратана дӀаделира жуьгтийн мостагӀ волчу ХӀаманан цӀенош. Мардахай паччахьна улло веара, хӀунда аьлча Эсирата цунна дӀахаийтира Мардахай шен гергара стаг хилар.
2
ХӀаманера ша схьаяьккхина йолу шен чӀуг, пӀелга тӀера схьа а яьккхина, Мардахайга дӀаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХӀаманан цӀенна тӀехь коьрта тӀехьожург вина, дӀахӀоттийра.
3
Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агӀагхо волчу ХӀамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш.
4
Паччахьо шен дашо гӀаж Эсиратана тӀе хьажийра. Эсирата, хьала а гӀаьттина, паччахьна хьалха дӀа а хӀоьттина,
5
элира: «Паччахь, хьайн цу тӀехь лаам а белахь, хьан бӀаьргашна со езаш а елахь, хьан бӀаьргашна хьалха хӀара нийса а делахь, сан дуьхьа хӀара гӀуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀанта ХӀамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хӀаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош.
6
Муха ловр бу ас сан къомана тӀехӀоьттина болу бохам а, сан гергара нах хӀаллакьхилар а?»
7
ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХӀаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дӀабелла, ткъа иза ша бӀогӀамна тӀе ирхъоьллина.
8
Амма паччахьан цӀарах яз а дина, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина долу кехат цхьаннан а дӀадаккха бакъо яц. ХӀинца аша, шайна бакъахьа хетарг тӀе а яздай, паччахьан цӀарах кехат кечде, иза паччахьан мухӀарца чӀагӀ а де».
9
Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгӀачу Сиван-беттан ткъе кхоалгӀа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц долчу бӀе ткъе ворхӀ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Ӏаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тӀера элпашца а яздина дара.
10
Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цӀарах дӀаяздайтира, паччахьан мухӀарца чӀагӀ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дӀасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла).
11
Цу кехаташ тӀехь яздина дара, паччахьо хӀора гӀалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагӀех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хӀаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тӀелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дӀабахьа а.
12
И хӀума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀа де. Жуьгташна и хӀума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь.
13
ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехата тӀера схьаязбина сацам нахана хьалха дӀабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагӀашна бекхам бан кийча хилийтархьама.
14
Паччахьан сацам тӀехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дӀабовзийтира Шушан-гӀалин гӀопахь а.
15
Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тӀехь кӀайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тӀехь таьӀна-цӀен втанан тоьллачу кӀадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гӀалахь дӀахӀоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара.
16
Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара.
17
Паччахьан сацам дӀакхаьчначу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а адам чӀогӀа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дӀа а хӀиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хӀунда аьлча уьш жуьгтех чӀогӀа кхерабеллера.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10