bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Esther 5
Esther 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 6 →
1
КхозлагӀчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тӀе а юьйхина, паччахь чохь волчу цӀийнан чухуларчу кертахь дӀахӀоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гӀанта тӀехь Ӏаш вара паччахьан цӀа чохь, нийсса чувогӀийла йолчу меттигна дуьххьал.
2
Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агӀор шен карахь йолу дашо гӀаж дӀакховдийра. Эсират, тӀе а еана, цу дашочу гӀожан йистах дӀахьакхаелира.
3
ТӀаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хӀума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХӀун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дӀаяла езахь а».
4
Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХӀаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогӀийла луур дара суна».
5
ТӀаккха паччахьо элира: «Сихха ХӀаман кхуза схьавалаве Эсиратан дехар кхочушдан». Паччахь ХӀаманца цхьаьна шайна Эсирата хӀоттийначу тойне веара.
6
Ша чагӀар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХӀун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дӀалур ю».
7
ТӀаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду:
8
нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХӀаманца цхьаьна аса церан сийнна хӀотто леринчу тойне вогӀур ву. ТӀаккха дӀаэр ду аса паччахье сайна луург».
9
Цу дийнахь ХӀаман паччахь волчуьра чӀогӀа самукъадаьлла аравелира. Амма паччахьан кевнна уллохь цунна Мардахай гира. ХӀара тӀехволуш, Мардахай ХӀаманна хьала а ца гӀаьттира, цунна хьалха вега а ца вира. ТӀаккха чӀогӀа оьгӀазвахара иза цунна.
10
Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цӀа ваханчул тӀаьхьа, цо шен доттагӀий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира.
11
ХӀаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кӀентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а.
12
Цо бохура: «Со цхьаъ ву паччахьан зудчо Эсирата паччахьца тойне кхайкхинарг. Эсирата кхана а кхайкхина тхойшинга тойне.
13
Амма цу хӀуманах со самукъадолуш вац. Сан са паргӀат дер дац, паччахьан кевнна уллохь Ӏаш волу жуьгти Мардахай сайна мел го».
14
ТӀаккха Зеришата а, массо доттагӀаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бӀогӀам дӀахӀоттабе алий, омра де. Ӏуьйранна паччахье цу тӀехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тӀаьхьа, хьайн дог паргӀат а долуш, паччахьца тойне гӀур ву хьо». И дешнаш ХӀаманна чӀогӀа тайра. Цо омра дира, бӀогӀам дӀахӀоттабе аьлла.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10