bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Esther 6
Esther 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 7 →
1
Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хӀума дӀаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира.
2
Цу тептар тӀехь дӀаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагӀтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хӀума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а.
3
ТӀаккха паччахьо хаьттира: «ХӀун сий а, дика а дина Мардахайна и хӀума бахьана долуш?» Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хӀума ца дина».
4
Паччахьо хаьттира: «ХӀинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цӀийнан арахьарчу керта ХӀаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бӀогӀам тӀе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера.
5
Ялхоша жоп делира: «ХӀаман ву кертахь лаьтташ». Паччахьо элира: «Чувола ала цуьнга».
6
ХӀаман чувеара. Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун дан деза паччахьо ша сий хьаладаккха лерина волчу стеган дуьхьа?» — аьлла. Ткъа ХӀаманан даг чохь дара: «Со воцург кхин мила ву паччахьо сий хьаладаккха лерина верг?»
7
Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хӀара дан деза:
8
хьайн ялхошка айхьа лелош йолу бедарш схьая ала. Хьайн говр а цаьрга схьаялаяйта, цу говран коьрта тӀе паччахьан таж а диллийта.
9
И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дӀало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тӀеюхийта. Цул тӀаьхьа, и стаг цу говрана тӀе а хаавай, гӀалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“ — аьлла».
10
Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гӀуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хӀума. Айхьа аьллачунна тӀера цхьа а хӀума дӀа ма даккхалахь».
11
ХӀамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тӀе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гӀалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХӀамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!»
12
Цул тӀаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХӀаман гӀийла, юьхьӀаьржачу хӀоттарна шен корта къайла а баьккхина, цӀа ваха сихвелира.
13
Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагӀашка а шена мел хилларг дӀадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву».
14
Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХӀаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10