bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Galatians 1
Galatians 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 2 →
1
ХӀара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахӀала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дӀахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Ӏийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а.
2
Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Ӏийсах тешначу нехан тобанашка.
3
Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна.
4
Вайн къинош бахьана долуш Ша дӀавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кӀелхьардахархьама.
5
Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин.
6
Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тӀе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дӀа а дирзина, кхечу хьехамна тӀаьхьахӀитта дохку.
7
Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш.
8
Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неӀалт хуьлийла царна.
9
Айса хьалха ма-аллара, хӀинца юха а боху ас: нагахь аша тӀеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неӀалт хуьлийла цунна тӀехь.
10
Ткъа хӀинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хӀинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх деш верг хир вацара со.
11
Аса дӀахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла.
12
ХӀунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тӀеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тӀеийцира.
13
Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тӀаьхьаваьллера со Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хӀаллак а еш.
14
Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Ӏадаташ лардар тӀехь хьалхе йоккхуш стаг вара со.
15
Со дуьненна тӀе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца,
16
суна хьалха Шен КӀант дӀахӀоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а,
17
я Ярушалайм-гӀала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тӀе. Амма со Ӏаьрби-махка а вахана, тӀаккха Дамасакх-гӀала юхавирзира.
18
Цул тӀаьхьа, кхо шо даьлча, ШамӀа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гӀала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира.
19
Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.
20
Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву.
21
ТӀаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со.
22
Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тӀера ца вевзара.
23
Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хӀаллакдан тӀаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дӀадаккха гӀиртина долу дин хӀинца кхайкхош лелаш ву», — аьлла.
24
ТӀаккха суна тӀера цара Далла хастамаш бора.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6