bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Galatians 5
Galatians 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 6 →
1
Дала леррина Къобалвинчо вай паргӀатонехь дахийтархьама елира вайна паргӀато. Цундела чӀагӀлой Ӏе шайн паргӀатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.
2
Аса, ПахӀала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.
3
Аса кхин а цхьа тоьшалла до хӀора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тӀера дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан деза аьлла.
4
И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дӀа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла.
5
Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш.
6
ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.
7
Шу хаза догӀуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тӀаьхьахӀитта новкъарло?
8
Шу бакъдолчунна тӀера дӀадохуш болу кхетам шуьга Шена тӀекхойкхучу Делера бац.
9
«КӀеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо».
10
Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а.
11
Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хӀинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тӀаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жӀарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара!
12
Шу гӀалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Ӏаш, баьӀна а хилахьара!
13
Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргӀатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргӀато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гӀуллакхаш вовшашка безам болуш.
14
ХӀунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьӀна хӀокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
15
Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хӀаллак ца хилийта!
16
Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тӀаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша.
17
Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама.
18
Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац.
19
Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хӀума дар,
20
цӀушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагӀалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгӀазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,
21
цабезам хилар, малар тӀехдаккхар, лар тӀера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хӀуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хӀинца а боху аса шуьга, и гӀуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.
22
Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,
23
эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.
24
Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жӀарах дӀатоьхна.
25
Вайн дахар Делан Синца хилча, тӀаккха Делан Сино ма-бохху лела вай.
26
Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгӀазъоьхуш а, вовшашка хьагӀ йолуш а.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6