bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Galatians 4
Galatians 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 5 →
1
Амма аса боху шуьга: тӀаьхьенах дакъа кхочун долу кӀант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хӀуманна тӀехь лех къаста ца ло.
2
Цу берана тӀехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тӀехьожуш хӀоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тӀекхаччалц.
3
Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Ӏадатийн а долахь.
4
Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь,
5
цу хьехамийн долахь берш паргӀат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама.
6
Ткъа хӀинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КӀентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Ӏийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» — бохуш.
7
Цундела хьо хӀинца, лай а воцуш, Делан кӀант ву. Ткъа хьох, кӀант хилча, хьо Делехула Цуьнан тӀаьхьенах а ву.
8
ХӀетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара.
9
Ткъа хӀинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Ӏадаташна а тӀе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна?
10
Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша!
11
Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.
12
Хилийша, вежарий, со санна! ХӀунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна.
13
13-14 Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегӀаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дӀа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Ӏийса волуш санна, тӀеийцира.
14
***
15
Ткъа хӀинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хӀетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бӀаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх.
16
Ткъа хӀинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагӀа хилла?
17
Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчух леларш шуна верасалла дан гӀертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дӀа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа.
18
Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Ӏаш.
19
Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц.
20
Лаьар-кха суна, хӀинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хӀунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух.
21
Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга?
22
Цу тӀехь яздина ма-ду, ИбрахӀиман ши кӀант хилла аьлла. Цхьаъ гӀарбаш йолчу ХӀажара винарг ву, важа паргӀат йолчу ИбрахӀиман зудчо винарг ву.
23
ГӀарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргӀат йолчо винарг Дала чӀагӀо еш аьллачуьнца вина ву.
24
Иза шен кхин маьӀна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тӀехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХӀажар санна хуьлу.
25
Ткъа Ӏаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХӀажарца» боьзна бу. Иза хӀинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХӀунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу.
26
Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргӀат ю.
27
Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул».
28
Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чӀагӀонца хилла бераш ду.
29
ХӀетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хӀинца а ду иштта.
30
Ткъа хӀун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта паргӀат йолчо винчу кӀантаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац».
31
Цундела, динан вежарий, вай гӀарбашан бераш а доцуш, паргӀат йолчун бераш ду.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6