bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Galatians 6
Galatians 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
1
Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта.
2
Дала леррина Къобалвинчо тӀедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гӀо де.
3
Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво.
4
ХӀораммо а дечу гӀуллакхашца ша-шен зе, тӀаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш.
5
ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла.
6
Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.
7
Шу Ӏеха ма лолаш! Дела-м Ӏехалур вац, хӀунда аьлча адамо ша дӀадийнарг хьокхур а ду.
8
Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хӀу тосучо хӀаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хӀу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.
9
Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош.
10
Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.
11
Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?!
12
Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта.
13
Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тӀаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама.
14
Суна-м ца лаьа цхьана а хӀуманна тӀехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан, жӀарах дӀатохаран тӀехь бен! И жӀара бахьана долуш хӀара дуьне суна дӀадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дӀаваьллера.
15
Я сунтвар а, я сунт ца вар а хӀумма а доцу хӀума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург!
16
И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла.
17
ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю.
18
Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
All chapters:
1
2
3
4
5
6