bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Galatians 3
Galatians 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 4 →
1
Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохаран сурт ма-хӀуттура шун бӀаьргашна дуьхьал!
2
Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза?
3
Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?
4
Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх!
5
Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!
6
Делан Йозанаш тӀехь ИбрахӀимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».
7
Иштта хаалаш, билггала ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш Делах тешарш бу.
8
Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», — аьлла.
9
Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.
10
Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», — аьлла.
11
Ткъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».
12
Муса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
13
Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», — аьлла.
14
И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахӀиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чӀагӀо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.
15
Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а.
16
Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.
17
Ас бохург хӀара ду: диъ бӀе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чӀагӀо дӀа а ца яьккхира Дала.
18
Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.
19
ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.
20
Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!
21
ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.
22
Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.
23
Ткъа и тешаран зама тӀекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц.
24
Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тӀе хӀоттийна волу тӀехьожург санна, дара товрат, тӀаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама.
25
Ткъа хӀинца, и тешар деана дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.
26
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду.
27
ХӀинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Ӏийсан бедарш тӀеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша.
28
Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу — шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
29
Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тӀаккха шу ИбрахӀиман тӀаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чӀагӀо еш, лур ду аьлларг.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6