bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Mark 14
Mark 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 15 →
1
Ши де даьлча тӀедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХӀилланца схьа а лаьцна, Ӏийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а.
2
Амма адам эргӀаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна.
3
Ӏийса Бет-ХӀинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамӀин цӀахь Иза хӀума юуш Ӏачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цӀеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Ӏийсан коьрта тӀе доьттира цо.
4
Цхьаболчара, резабоцуш, оьгӀазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян?
5
ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.
6
Амма Ӏийсас элира: «Ӏадйитийша и зуда, эхь хӀунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду-кх.
7
ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагӀа, ткъа Со даим хир вац шуьца.
8
Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш.
9
Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».
10
ТӀаккха ЯхӀуд Искархо, Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тӀевахара, ямартло а йина, Ӏийса церан кара дӀавалархьама.
11
И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхӀуда Ӏийса церан кара дӀавала аьтто лоьхура.
12
Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».
13
ТӀаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу гӀала чу гӀо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогӀу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тӀаьххье дӀагӀо.
14
Иза чу ваханчу цӀийнан хӀусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“
15
Цо шуна лакха тӀехь йоккха а йолуш, лаьтта хӀума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна».
16
Ӏийсан мурдаша, гӀала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира.
17
Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара.
18
ДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».
19
Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»
20
Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг.
21
Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»
22
Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «Схьаэца — иза Сан дегӀ ду».
23
ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира.
24
Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу.
25
Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дӀахӀоттийначу Олаллехь керла чагӀар молу де тӀекхаччалц».
26
ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.
27
Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, — аьлла».
28
«Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».
29
Кипас элира Ӏийсага: «Массара дӀатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо».
30
ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо».
31
Амма Кипас, кхин а чӀагӀдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.
32
Цул тӀаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ас доӀа дечу юкъана, ховший Ӏе кхузахь».
33
ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира.
34
Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха».
35
Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Ӏийсас доӀа дира: «Нагахь йиш елахь, дӀакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», —
36
кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
37
Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Ӏохкуш карийра Цунна. ТӀаккха Цо элира Кипе: «ШамӀа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо?
38
Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».
39
Юха а дехьо ваьлла, доӀа дира Цо, изза дешнаш олуш.
40
Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера. Шаьш Ӏийсага хӀун эр ду а ца хууш биснера уьш.
41
КхозлагӀа а тӀевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хӀинца а наб еш, садоӀуш ду? Тоьар ду, тӀедеана и сахьт. Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна.
42
Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».
43
Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а.
44
Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, — аьлла, — И, схьа а лаций, ларвеш дӀавига».
45
Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.
46
Ткъа вукхара, тӀе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Ӏийса.
47
Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира.
48
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца?
49
Делан цӀа чохь хӀора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХӀетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тӀехь яздинарг кхочушхила деза».
50
Цу хенахь, Ӏийса а витина, массо а мурдаш дӀасабевдира.
51
Шен дерзинчу дегӀа тӀе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Ӏийсана тӀаьхьа хӀоьттира. Амма тӀемалоша и дӀалецира.
52
ТӀаккха тӀемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дӀаведира царах.
53
Ӏийса динан коьрта да волчу цӀа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Ӏелам нах а гулбеллера.
54
Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гӀуллакх деш болчаьрца цӀарна хьалха вохлуш вара.
55
Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна.
56
ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура.
57
Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира:
58
«Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, — аьлла».
59
Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара.
60
ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» — аьлла.
61
Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?»
62
Ӏийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а».
63
ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна?
64
Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира.
65
ТӀаккха цхьаболчара Ӏийсана тӀе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хӀинца!» ГӀаролхоша а еттара Цунна.
66
Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига.
67
Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца».
68
Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира.
69
Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», — элира уллохь хӀиттина болчаьрга.
70
Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо».
71
Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг».
72
ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со». Кипа доггах вилхира.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16