bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Mark 6
Mark 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 7 →
1
Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гӀала веара Ӏийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара.
2
Шоьтан де тӀедеача, гуламан цӀа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Ӏийсага ла а дугӀий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хӀун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хӀуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца.
3
Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира.
4
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».
5
Цигахь башха тамашийна хӀума ца даделира Ӏийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тӀе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен.
6
Ӏийса чӀогӀа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх. ТӀаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза.
7
Шен шийтта векал тӀе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тӀехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дӀасахьажийра Ӏийсас.
8
Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург.
9
Кога юьйхина мачаш а, шайна тӀехь йолу цхьа бедар а бен, сов хӀумма а ма хьуо».
10
Кхин а тӀетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цӀеношкахь саца, оцу гӀалара арадовллалц.
11
Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тӀе ца лацахь а, я ла ца догӀахь а, шаьш цигара дӀадоьлхуш, шайн когаш тӀера чан охьаегае. Шу тӀе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
12
ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш.
13
Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара.
14
Ӏийсан цӀе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХӀарод-паччахьна а дӀахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Ӏийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хӀуманаш до», — олура.
15
Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхӀу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагӀчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», — бохуш.
16
И шена хезча, ХӀарода элира: «Аса корта тӀера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», — аьлла.
17
ХӀарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла.
18
ХӀунда аьлча Яхьъяс аьллера ХӀароде, цо шен вешин зуда шена йигар Ӏедалехь нийса дац аьлла.
19
Цундела ХӀародад хьагӀ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дӀаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара,
20
хӀунда аьлча ХӀарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугӀура ХӀарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь.
21
Цкъа ХӀарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хӀоттийра, пачхьалкхан а, тӀеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина.
22
Ткъа ХӀародадан йоӀ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чӀогӀа там хиллера ХӀародана а, цуьнан хьешашна а. ТӀаккха ХӀарода оцу йоӀе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дӀалур ю хьуна», — аьлла.
23
Цо, дуй биъна, чӀагӀо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», — аьлла.
24
ЙоӀа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХӀун еха аса», — аьлла. Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», — аьлла.
25
ЙоӀа, сихха паччахьна тӀе а яхана, дийхира: «Ахьа хӀинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», — аьлла.
26
Паччахьна и чӀогӀа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна.
27
ХӀарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тӀера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина,
28
схьа а беана, шуьна чохь йоӀе дӀакховдийра, ткъа йоӀа шен нене белира иза.
29
Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегӀ схьа а эцна, къубба чу диллира.
30
Векалша юхабирзича, Ӏийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гӀуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга.
31
Ӏийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доӀуьйтуш, адам доцучу метте дӀадовла вай цхьаьна». ХӀунда аьлча уьш болчу меттехь чӀогӀа дукха нах бара, ур-атталла хӀума яа а меттиг ца йолуш.
32
Цундела уьш, нахах дӀа а къаьстина, хинкеман тӀехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира.
33
Амма дукхахболу нах, хӀорш дӀабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гӀаланашкара гул а белла, берд тӀехула бевдда, кхарал хьалхабевлира.
34
Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Ӏу воцу уьстагӀех а тарбелла, царах чӀогӀа къахийтира Ӏийсана. ТӀаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира.
35
Де чаккхенга гӀерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Ӏийсана тӀе а бахана, элира Цуьнга: «ХӀара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла.
36
Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дӀабахийтахьа и нах».
37
Амма Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бӀе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?»
38
ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГӀой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чӀара а бу-кх».
39
ТӀаккха, и нах берриш а сийначу бай тӀе охьаховшабе аьлла, омра дира Ӏийсас мурдашка.
40
Уьш, бекъа а белла, бӀе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира.
41
Ткъа Ӏийсас и пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дӀадийкъира. ТӀаккха и ши чӀара а массарна бийкъира Цо.
42
Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира.
43
Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чӀеро а шийтта тускар а дуьзира.
44
Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара.
45
Цу сохьта и нах Ша дӀахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тӀе а хаийтина, Шел хьалха, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе Бет-Саида-гӀала дӀабахийтира Ӏийсас Шен мурдаш.
46
Нах дӀа а хьажийна, доӀа дан лам тӀе хьалавелира Ӏийса.
47
Суьйре тӀееача, хинкема Ӏомана юккъехь дара, ткъа Ӏийса лам тӀехь Ша вара.
48
Хин тӀехь дуьхьал богӀу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Ӏийсана. ТӀаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тӀаьхьа Иза хи тӀехула царна тӀе вахара. Ӏийса тӀехвала воллучу хенахь,
49
Иза хин тӀехула волавелла вогӀу а гина, мурдашна Иза гӀаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира,
50
хӀунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чӀогӀа кхера а белира. Цу сохьта Ӏийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»
51
ТӀаккха Иза цаьрца кеман тӀе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чӀогӀа цецбевллера,
52
хӀунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хӀуманах а ца кхийтира уьш, дӀакъовладелла дара церан дегнаш.
53
Хин кеман тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, Гансарт-махка а кхаьчна, севцира уьш.
54
Уьш кеман тӀера охьабуьссушехь, нахана Ӏийса вевзира.
55
Цара, бевдда, сихонца дӀасабаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТӀаккха Ӏийса миччахьа сецча а, Цунна тӀе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира.
56
Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гӀаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тӀе а балабой, чӀогӀа доьхура Ӏийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дӀахӀуттура.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16