bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Mark 9
Mark 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 10 →
1
ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».
2
Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира.
3
Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана.
4
Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.
5
Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна».
6
Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера.
7
Ткъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» — аьлла.
8
Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Ӏийса воцург.
9
Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц.
10
Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хӀун ду те?»
11
Цара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»
12
Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла?
13
Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».
14
Уьш шайн бисинчу мурдашна тӀе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Ӏелам нах а гира ӀийсагӀарна.
15
Цу сохьта, Ӏийса а гина, массо а адам цецдаларца тӀехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама.
16
Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун къуьйсу аш цаьрца?» — аьлла.
17
Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кӀант валийна аса Хьуна тӀе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво.
18
И жин тӀе а кхоссалой, и кӀант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хӀуттий, цергаш а хьекхош, Ӏада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».
19
ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».
20
КӀант Ӏийсана тӀе валийра. Ӏийса гича, жино кӀантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дӀахӀоьттира.
21
ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?» «Беран хенахь дуьйна», — элира дас.
22
«Дукхазза а жино цӀерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хӀуъа а цхьа хӀума далур делахь, тхох къинхетам бай, гӀо дехьа тхуна».
23
Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! — Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».
24
КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»
25
Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» — аьлла.
26
Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кӀентан пхенаш чӀогӀа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КӀант, велча санна, Ӏуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла».
27
Ткъа Ӏийсас, кӀентан куьг а лаьцна, цунна хьалагӀатта гӀо дира.
28
Цул тӀаьхьа, Ӏийса цӀа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» — аьлла.
29
«И тайпа жинаш доӀанца бен, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», — аьлла, жоп делира Ӏийсас цаьрга.
30
Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догӀий хаа ца лаьара Ӏийсана,
31
Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Ӏийсас олура цаьрга: «Адамийн КӀант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
32
Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура.
33
Уьш Къапарнаме баьхкира. Ӏийса цӀа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догӀуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» — аьлла.
34
Амма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара.
35
ТӀаккха Ӏийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тӀаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш».
36
Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дӀа а хӀоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо:
37
«Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
38
Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
39
Ӏийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хӀунда аьлча, цхьаммо а Сан цӀарах Ӏаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац,
40
хӀунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву.
41
Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьа хӀиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догӀург дӀакхочур ду».
42
«Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича.
43
Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тӀера даккха — заьӀап а волуш, Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цӀергахь а вогуш.
44
***
45
Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дӀабаккха тӀера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул.
46
***
47
Ткъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул,
48
цу чохь „уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц“.
49
ХӀунда аьлча Дала цӀергахь цӀанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама.
50
Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16