bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Mark 7
Mark 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 8 →
1
Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Ӏелам стаг а вара Ӏийсана гонах гулвелла.
2
Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.
3
ХӀунда аьлча, хьалхалера Ӏедале а доьгӀна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Ӏедалехь ма-бохху, куьйгаш цӀандиний бен хӀума ца йоу.
4
Ткъа шаьш базарара еана хӀума а шатайпана цӀанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Ӏадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гӀумгӀанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гӀайбеш а цӀанъяр тӀехь.
5
Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» — аьлла.
6
Ӏийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
7
Церан ларамах пайда бац, хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“.
8
Аша, адамийн Ӏадаташ схьа а лаьцна, Дала тӀедехкинарш ца лору».
9
Кхин а Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тӀедехкинарш а ца лоруш, шайн Ӏадаташна тӀаьхьахӀоттар.
10
Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“.
11
Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг ‘кхурбан’ дӀало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгӀат“ бохург ду), — аьлча,
12
дена-нанна дан дезачух иза кӀелхьарволу бохуш, чӀагӀдо аша.
13
Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Ӏадат лору аш. И тайпа хӀуманаш дукха леладо аша».
14
ТӀаккха юха а, нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «ЛадогӀа Соьга массара а, дӀа а лоцуш.
15
Адамна чу яханчу цхьанна а хӀумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хӀумано бехвийр ву иза».
16
***
17
Нах а битина, Ӏийса цӀа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга.
18
Ткъа Ӏийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хӀумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла?
19
ХӀунда аьлча и тӀеоьцу хӀума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тӀаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хӀума ерриге а Далла гергахь цӀена хилар хаийтира Ӏийсас.)
20
Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво.
21
ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а,
22
ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Ӏехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а.
23
И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво».
24
И меттиг а йитина, Цора олучу гӀалин юххерчу меттигашка вахара Ӏийса. Ша цӀа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Ӏийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан.
25
Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда.
26
Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шен йоӀана чуьра жин арадаккхахьара аьлла.
27
Ӏийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хӀунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жӀаьлешна тасар».
28
Амма зудчо жоп делира Ӏийсага: «Эла, ур-атталла жӀаьлеша а ма доу стоьла кӀел бераша эгийна цуьргаш».
29
ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цӀа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоӀана чуьра».
30
Ша цӀа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Ӏаш карийра зудчунна шен йоӀ.
31
Цора-гӀалина гонахьара меттигашкара ЦӀаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Ӏомана тӀе веара Ӏийса.
32
Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Ӏийсана тӀе а валийна, цара дехарш дира, цунна тӀе куьйгаш дахкахьара аьлла.
33
И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пӀелгаш дехкира Ӏийсас. ТӀаккха, туй а хьаькхна, цуьнан маттах Ӏотта а велла,
34
стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дӀаделлало» бохург ду).
35
Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дӀа а бастабелла, цӀенна хабар дийца а волавелира иза.
36
Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чӀогӀа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна.
37
Адамаш чӀогӀа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16