bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Mark 4
Mark 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 5 →
1
Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира.
2
Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:
3
«ЛадогӀал! Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.
4
Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.
5
Важа буьртигаш жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара.
6
Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира.
7
Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира.
8
Ткъа важа долу хӀу, дика латта долчохь а нисделла, зӀийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бӀе а хӀу а луш хӀора кено а».
9
ТӀаккха Ӏийсас элира ладугӀучаьрга: «Лергаш долчунна дӀахозийла хӀара».
10
Ӏийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна.
11
Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса,
12
„царна, хьоьжжушехь, хӀумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тӀебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“».
13
Ӏийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТӀаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу?
14
Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду.
15
Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хӀух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догӀий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дӀахьо.
16
Кхиберш тера бу тӀулгашна юккъе эгначу хӀух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош.
17
Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тӀе халонаш хӀиттича, уьш сихха юхабовлу.
18
Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу,
19
амма дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло.
20
Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тӀе эгначу буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тӀе а эцна, пайден стом луш берш бу — наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бӀозза а сов луш».
21
Кхин дӀа а Ӏийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Ӏункарнехьа хӀоттийначу кхабина я маьнги кӀел хӀотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахӀоттабан бахьа чу?
22
ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.
23
Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»
24
Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу.
25
ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду».
26
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хӀу тосу.
27
Буса и стаг, охьа а вуьжий, Ӏуьйранна хьалагӀотту. Ткъа хӀу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа.
28
Лаьтто ша кхиадо и хӀу: хьалха зӀийдиг а тосий, тӀаккха гӀа а долий, кӀен буьртигаш а хуьлий, дӀахӀутту.
29
КӀен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кӀа хьокху хан тӀееана дела».
30
Цул тӀаьхьа Ӏийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна?
31
Лаьтта тӀехь уггаре а жимачу хӀуьнах тера ду иза, и дӀадуьйчу хенахь.
32
Амма иза дӀадийначул тӀаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дӀахӀутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тӀехь».
33
Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Ӏийсас — адамаш кхетар долчу тайпана.
34
Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.
35
Цу дийнахь суьйранна Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе довла вай».
36
ТӀаккха цара адамаш а дитина, Ӏийса хинкеман тӀехь ма-хиллара шайца дӀавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара.
37
ЦӀеххьана, чӀогӀа мох а баьлла, тулгӀенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара.
38
Ӏийса цу хенахь кеманан цӀоганехь вара, гӀайби тӀе корта а биллина, наб кхетта Ӏаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?»
39
ТӀаккха Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагӀло! ДӀате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.
40
Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хӀунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хӀинца а тешар дац те?»
41
Амма уьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХӀара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16