bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Daniel 11
Daniel 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 12 →
1
Мадайхочо Дари-Вашас паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь со-суо лаьттира цунна гӀо деш а, иза Ӏалашвеш а».
2
«ХӀинца ас бакъдерг дӀахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тӀаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгӀаниг. Шен бахамца ша тӀех чӀагӀвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гӀаттор ду цо.
3
ТӀаккха цхьа турпал паччахь гучувер ву. Шена луъург а деш, боккхачу ницкъаца олалла дийр ду цо.
4
Ткъа и паччахь хилла дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, цуьнан пачхьалкх, йоха а йоьхна, дуьненан еа а агӀор екъалур ю. ТӀаккха цуьнан тӀаьхьенийн кара гӀур яц иза. Цуьнан пачхьалкх, екъа а елла, хӀокхарна а доцуш, кхечарна кхочур йолу дела, цу пачхьалкхан, шен хьалха хилларг санна, ницкъ хир бац.
5
ТӀаккха къилбе-махкара паччахь чӀагӀлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тӀаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу.
6
Ткъа масех шо даьлча, уьш, вовшех а ийна, цхьаъ хир бу. Къилбе-махкарчу паччахьан йоӀ къилбаседе-мехкан паччахье маре гӀур ю, царна юкъахь нийса юкъаметтигаш хилийтархьама. Амма и ницкъ карахь латталур бац цуьнга, ткъа паччахьан ницкъаш а латталур бац. Цу хенахь иза хӀаллакйийр ю — иза а, цуьнан уллорнаш а, цуьнан да а, цунна гӀо дийраш а.
7
Амма цуьнан цӀерачех цхьаъ, церан эскарна тӀе а летта, къилбаседе-махкарчу паччахьан гӀалин гӀопах чекх а ваьлла, къовсавелча, тоьлур а ву, чӀагӀлур а ву.
8
Ур-атталла церан деланаш болу цӀуш, шайн езачу дато а, дашо а йолчу пхьегӀашца йийсаре Мисар-махка дӀахьур бу цо. ТӀаккха масех шарахь, къилбаседе-махкарчу паччахьал лакхара а волуш, лаьттар ву иза.
9
Къилбаседе-махкара паччахь къилбехьарчу пачхьалкхана тӀелетар ву, амма, эша а вина, шен махка юхавоьрзур ву.
10
ТӀаккха цуьнан кӀенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Ӏаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КӀенташа тӀом бийр бу мостагӀийн гӀалин гӀопана тӀекхаччалц.
11
ТӀаккха къилбе-махкара паччахь чӀогӀа карзахвер ву. Цо, тӀе а летта, къилбаседе-махкара паччахьца тӀом бийр бу. Къилбаседе-махкара паччахьо вуно доккха эскар арадоккхур ду, амма и эскар къилбе-махкарчу паччахьан кара гӀур ду.
12
И эскар эшийначул тӀаьхьа, къилбе-махкарчу паччахьан даг чу куралла юссур ю. Цо хӀаллакдийр ду эзарнаш адамаш, амма цуьнан ницкъ дукха лаьттар бац.
13
Къилбаседе-махкара паччахь юхавоьрзур ву. Цо хьалхалерачул а доккха эскар вовшахтухур ду. Масех шо даьлча, кхин а доккхачу эскарца а, тӀеман шорттачу гӀирсашца а иза сихха схьавогӀур ву.
14
Цу хенахь дукхахберш къилбе-махкарчу паччахьна дуьхьалбевр бу. ДуьхьалхӀоьттина сурт кхочушхилийта, къилберачу паччахьна дуьхьалбевр бу хьан халкъара цхьаболу зуламхой, амма уьш хӀаллакьхир бу.
15
Делахь а, къилбаседе-махкара паччахь схьавеача, дуьхьалонаш а хӀиттийна, шен дола йоккхур ю цо чӀагӀйина йолу гӀала. Къилбехьарчаьрга цунна дуьхьало ялур яц, ур-атталла церан къастийна долчу эскарийн а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац.
16
Цунна дуьхьал ваьлларг а цуьнан лаамца лелар ву. Латталур вац, ца вужуш, цунна хьалха цхьа а. Цу „къаьсттина хаза болчу махкахь“ шен толаман меттамотт цо дӀахӀоттийча, и мохк хӀаллакбар цуьнан карахь хир ду.
17
Шен пачхьалкхан мел болчу ницкъаца чу а вахана, къилбе-махкарчу паччахьца барт бан ойла хир ю къилбаседерачу паччахьан. Цо иза дийр а ду. Шена дагадеанарг кхочушдархьама шен йоӀ йохуьйтур ю цо хӀаллакьхила къилбе-махкарчу паччахье. Ткъа цуьнан дагалацам кхочуш а хир бац, цунах цунна кхиам а хир бац.
18
Цул тӀаьхьа хӀордаца доза долчу пачхьалкхашна тӀевоьрзур ву и. Царах дукхахъерш цо шен дола йохур ю. Амма цхьана баьччано сацор ду шайна тӀе эхь даийтар. Цо иза юьхьӀаьржачу хӀоттор ву.
19
ТӀаккха юьхь ерзор ю цо шен мехкан чӀагӀонаш тӀе, амма, таса а велла, вужур а ву, хӀаллак а хир ву иза.
20
Цуьнан метта цхьа кхиверг дӀахӀуттур ву. Пачхьалкхан сийлалла латто ял гулъеш верг вохуьйтур ву цо. Амма иза, оьгӀазаллах а доцуш, тӀамехь а доцуш, дукха хан ялале хӀаллакьхир ву.
21
Цуьнан метта дӀахӀуттур ву шех дог доккхуьйтуш верг, паччахьан санна, сий дийр дац цуьнан, амма иза гӀар-тата доцуш вогӀур а ву, мекарлонца цо и паччахьалла шен дола доккхур а ду.
22
Дерриг а латта дузуш, дукха долу мостагӀийн цӀоз, дистинчу хино дӀадаьхьча санна, хӀаллакдийр ду цо, бертан баьчча а тӀехь.
23
Ткъа кхечу паччахьашца ша барт бинчул тӀаьхьа уьш лебеш лелар ву и, лаккха а вер ву, шен кӀеззигчу халкъаца тоьлур а ву.
24
Машаре, беркате долчу мехкашна чувер ву иза. Цкъа а шен дайша а, шен дедайша а ца динарг дийр ду цо. Караеана хӀонс а, схьаяьхна хӀуманаш а, бахам а шена тӀаьхьахӀиттинчарна юкъахь боькъур бу цо. ГӀепаш схьаяха ойланаш а йийр ю цо, амма иза цхьа хан тӀекхаччалц хир ду.
25
Цул тӀаьхьа шен боллу ницкъ а, майралла а Ӏаламат доккхачу эскарца къилбе-махкара паччахьна дуьхьалдоккхур ду цо. ТӀаккха къилбе-махкара паччахь юха а цуьнан эскарал а доккхачу эскарца дуьхьалвер ву, амма тоьлур вац, цунна ямартло йийр йолу дела.
26
Цуьнца цхьана шуьне хуьйшу нах а иза хӀаллакван гӀертар бу. ТӀаккха цуьнан эскар дӀасадаьржар ду, дуккха а байинарш а хир бу.
27
Цу шина а паччахьан даг чохь ямартло хир ю. Цхьаьна барт бан хевшинчохь а аьшпаш буттур бу цара, амма толам хир бац церан, хӀунда аьлча чаккхе цхьана ханна дӀатеттина йолу дела.
28
ТӀаккха къилбаседе-махкара паччахь шорттачу бахамца а, мостагӀчун ойланца а, Дала шеца барт бинчу халкъана дуьхьалвала шен махка ваха новкъа вер ву. Цо иза кхочуш а дийр ду, шен махка юха а воьрзур ву.
29
Билгалъяьккхинчу хенахь иза юха къилбехьа гӀур ву. Амма цу вахаран жамӀ хьалхалераниг санна хир дац,
30
хӀунда аьлча и воьддучу хенахь Хитам-махкара хинкеманаш цунна дуьхьало ян догӀур ду. ТӀаккха иза догдоьхна юхавоьрзур ву. Дала шеца барт бинчу халкъана дарлур ву иза. Цо кхочуш бийр бу шен лаам. Делаца биначу бартах юхабевлларш лорур бу цо.
31
Цуьнан эскархоша Делан цӀа а, керт а бехйийр ю. ХӀора дийнахь сагӀа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хӀума а дӀахӀоттор ю цо, цунна Ӏибадат а дойтуш.
32
Делан весеташна дуьхьалбевлларш мекарлонца шена тӀеозор бу цо. Амма шайн Далла тешаме болчара цунна чӀогӀа дуьхьало йийр ю.
33
Халкъана юкъарчу кхетам болчара, шаьш туьрах а, цӀерах а, йийсарх а, талорех а цхьайолчу ханна бала хьоьгур белахь а, дукхахберш кхетор бу.
34
Шаьш бала хьоьгучу хенахь царна жимма гӀо хир ду, тӀаккха дукхахберш царах дӀауьйр бу, амма доггах хир дац иза.
35
Цхьаболчу хьекъал долчу наха, шаьш бахчабалархьама, цӀанбархьама, кӀайбархьама, баланаш хьоьгур бу чаккхенан хан тӀекхаччалц, хӀунда аьлча билгалъяьккхина хан хӀинца а хир йолуш ю.
36
Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тӀехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгӀазло хиллалц иза тоьлур ву, хӀунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду.
37
Шен ден деланаш цунна дагабогӀур бац. Цо лорур вац зударша лоруш волу дела а, я муьлхха а кхиволу дела а, ша массарел а лакхавоккхур волу дела.
38
Бакъволчу Делан метта гӀепийн далла Ӏамал йийр ю цо. Цкъа а шен дайшна вевзина воцучу цу делан сий дийр ду цо дешица, детица, дезачу тӀулгашца, тайп-тайпана механа езачу хӀуманашца.
39
Иштта шен дайша ца лоручу делаца хьалагӀоттур ву иза уггар чӀогӀачу гӀепашна дуьхьал. И дела тӀеэцначеран кхин а алссам сий дийр ду цо, цаьрга дукха нахана тӀехь олалла а дойтур ду, царна совгӀатна латта а доькъур ду.
40
ТӀаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гӀудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тӀетатталур ву цунна. ТӀаккха, дистина догӀу хи санна, мехкашна тӀе а кхетта, царна тӀехула чекхвер ву иза.
41
ТӀаккха мехкашна юкъара а къаьсттина хаза болчу махкана чу вер ву иза. Эзарнаш хӀаллакьхир бу. Эдом-мохк, Муаби-мохк, Ӏамминхойн коьрта дакъа а бен, цуьнан кара ца доьдуш дуьсур дац.
42
Тайп-тайпанарчу мехкашна тӀе а куьг кховдор ду цо. КӀелхьарбер бац Мисар-мохк а.
43
Мисар-мехкан дашо а, дато а, механа еза йолчу хӀуманийн хазна а шен дола йоккхур ю цо. Лива-мехкан бахархой а, хушахой а цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.
44
Амма малхбалехьара а, къилбаседехьара а схьахезачу хабарша цуьнан синтем бойур бу. ТӀаккха шен нуьцкъалчу дераллица дуккха а адамаш дайа а, хӀаллакдан а аравер ву иза.
45
ХӀордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь шен паччахьаллин четарш дӀасадаржор ду цо. Амма шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву иза, цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац».
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12