bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Daniel 5
Daniel 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 6 →
1
Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хӀоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагӀар мийлира цо.
2
ЧагӀаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цӀийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегӀаш чуяр тӀедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гӀарбашашка а маларш мийлийтархьама.
3
ТӀаккха Ярушалаймера Делан цӀийнера еана йолу и дашо пхьегӀаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гӀарбашаша а царна чуьра маларш мийлира.
4
ЧагӀар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тӀулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара.
5
Оццу хенахь цӀеххьана, пена чуьра схьадовлуш санна, адаман куьйган пӀелгаша, ара а девлла, паччахьан цӀа чохь къуьдана дуьхьал болчу пена тӀерачу кирана тӀехь йозанаш деш гира паччахьна.
6
Юьхьа тӀера хийцавелира иза. Ойланаша хьовзийра иза. Цуьнан настарш малъелира, голаш, бегош, вовшахбетталора.
7
ЧӀогӀа мохь туьйхира паччахьо, бозбунчаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а схьабалабе аьлла. Уьш чубалийча, паччахьо Бавел-мехкан хьекъалалла долчаьрга элира: «ХӀара йоза деша а дешна, цуьнан маьӀна соьга дийцинчунна паччахьниг санна долу цӀен духар а лур ду, цуьнан коча дешин зӀе а уллур ю. Пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀаниг лоруш олахо а вийр ву аса цунах».
8
Амма оцу чубаьхкинчу хьекъалалла долчех цхьанна а и йоза деша а, цуьнан маьӀна дан а ца хиира.
9
Белшацар-паччахьан чӀогӀа синтем байнера, цуьнан юьхьсибат хийцаделлера, цуьнан уллора куьйгалхой, шаьш хӀун дан деза ца хууш, боьхнера.
10
Ткъа паччахьан нана, паччахьан а, цуьнан уллорчу куьйгалхойн а къамелаш шена хазар бахьана долуш, чуеара. Къамел долош, цо элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Хьан ойланаша ма хьийзавойла хьо, юьхьсибат ма хийцалойла хьан!
11
Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХӀетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тӀехь коьртаниг а вина, дӀахӀоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш,
12
цуьнгахь, паччахьо Бел-Ташацар аьлла цӀе хийцинчу оцу Даниалехь, къаьсттина дукха кхетам, хаарш, хьекъал дара. ГӀенаш дийца а, ца кхетачун маьӀна дан а, хала долу хӀума цхьалхадаккха а хаьара цунна. Цундела Даниал схьавалавайта, тӀаккха цо дуьйцур ду йозанан маьӀна».
13
Даниал паччахьна тӀевалийра. Паччахьо, хаттар а деш, элира: «Хьо вуй сан дас, паччахьо, ЯхӀуд-махкара балийна йийсарехь болчу яхӀудхойх цхьаъ волу Даниал?
14
Хьоьца безачу деланийн са хиларх а, серло а, кхетам а, лаккхара хьекъалалла а хьоьгахь карорах а лаьцна суна хезна.
15
ХӀара хьекъалалла дерш а, бозбунчаш а балийнера со волчу, йоза дешийтархьама а, цуьнан маьӀна соьга дийцийтархьама а, амма царна суна иза дийца ца хии.
16
Ткъа хьох лаьцна суна хезнера дуьйцуш, маьӀна дан а, хала долу хӀума цхьалхадаккха а хьуна хаьа аьлла. Делахь, хӀара яздина долу йоза деша а дешна, ахь цуьнан маьӀна дахь, хьуна паччахьниг санна долу цӀен духар а тӀедухур ду, иштта дашо зӀе хир ю хьан кочахь, цул сов, сан пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀаниг а волуш, олахо хир ву хьох!»
17
ТӀаккха, паччахье жоп а луш, Даниала элира: «Хьайн совгӀаташ хьайна дита я кхечунна дӀало, ткъа яздина дерг ас паччахьна доьшур а ду, цуьнан маьӀна цунна дуьйцур а ду.
18
Ва паччахь! Веза Воккхачу Дала хьан дена, Набухди-Нецарна, совгӀат а дина, паччахьалла а, возалла а, сийлалла а, цӀе яккхар а деллера.
19
Дала цунна елла йолчу сийлаллех массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а долу адамаш цунах кхералора, озалора. Шена лиънарг воьра цо, шена лиънарг дийна вуьтура цо. Шена лиънарг вазвора, шена лиънарг кӀезиг хоьтуьйтура.
20
Амма цуьнан дог курадаьлча, синца иза тӀех къиза дарвелча, цуьнгара паччахьалла дӀадаьккхира, цуьнан цӀе яккхар дайира.
21
Иза адамех дӀахадийра. Цуьнан дог дийнатийн дагах тарделира. Иза вехира варрашца, старана санна, бецаш яайора цунна. Стигалара тхино цуьнан дегӀ тӀададора. Иштта дара, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш хиларх а, Цо Шена луъу паччахьаш дӀахӀиттабарх а, Набухди-Нецар кхетталц.
22
Амма ахьа, цуьнан кӀанта Белшацара, и дерриге а хуъушехь, Далла хьалха кӀезиг ца хетийти хьо,
23
ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦӀенна чуьра пхьегӀаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гӀарбашаша а царна чуьра чагӀар мийлира. ХӀумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тӀулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеӀар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.
24
Цундела даийтина Делера и куьг а, яздина хӀара йоза а.
25
ХӀара ду яздинарг: „МАНЕЙ, МАНЕЙ, ТАКХЕЛ, УПАРСИН“.
26
Цу дешнийн маьӀна хӀара ду: „МАНЕЙ“ бохург — хьуна паччахьалла дан Ша делла денош, дагар а дина, Дала чекхдаьхна бохург ду.
27
„ТАКХЕЛ“ — хьо, Делан терзана тӀехь оьзча, буьззина мах боцуш карийна бохург ду.
28
„УПАРСИН“ — хьан пачхьалкх, екъа а екъна, мадайхошна а, парсихошна а дӀаелла бохург ду».
29
ТӀаккха, Белшацаран омрица, Даниална, и вазвеш, паччахьниг санна долу цӀен духар а тӀекхоьллира, коча дашо зӀе а оьллира, иза пачхьалкхехь даржехь кхоалгӀа олахо ву аьлла, дӀа а кхайкхийра.
30
Ткъа хашадхойн паччахь Белшацар цу буссехь вийра.
31
Цул тӀаьхьа паччахьалла кхузткъе ши шо долчу мадайхойн махкара Дари-Ваша цӀе йолчу паччахьна карадеара.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12