bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Daniel 8
Daniel 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 9 →
1
Суна, Даниална, Белшацар-паччахьо паччахьалла динчу кхоалгӀачу шарахь хьалха дуьхьалхӀоьттинчу суьртал тӀаьхьа юха а дуьхьалхӀоьттира цхьа сурт.
2
Сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Ӏейлам олучу декъа тӀера Шушан-гӀалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна.
3
БӀаьргаш хьалахьажийча, суна хӀара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маӀа яра. Ший а маӀа йоккха яра, амма цхьа маӀа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маӀа тӀаьхьа хьалаяьлла а яра.
4
Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маӀаш Ӏуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кӀелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора.
5
Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогӀуш. Цу божан шина бӀаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маӀа яра.
6
Хин йистехь суна гиначу ши маӀа йолчу коьмана шен чӀогӀачу дераллица чухьаьдира и бож.
7
КхидӀа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тӀе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маӀа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дӀабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кӀелхьарбаккхалур волуш.
8
Циггахь бож чӀогӀа кураелира, амма иза чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маӀа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агӀор а йирзина, йиъ маӀа тӀеелира.
9
Царах йолчу цхьана маӀана тӀе кхин цхьа жима маӀа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чӀогӀа дӀасаяьржира.
10
Стигаларчу ницкъашна тӀелаттал чӀагӀ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо.
11
Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хӀора дийнахь сагӀа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цӀа а сийсаздаьккхира цо.
12
Делан эскаро къинош леторна тӀера хӀора дийнахь доккху сагӀа дӀатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тӀе охьатаӀийра. Цу маӀан ша мел дечунна тӀехь аьтто болура.
13
Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хӀора дийнахь доккхучу сагӀанах а, Далла вас еш долу къилахь хӀуманаш лелорах а, Делан цӀа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхӀуттучу суьртехь юьйцу зама?»
14
Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бӀе суьйре а, Ӏуьйре а яьлча, Делан цӀа цӀанлур ду».
15
ХӀара сурт суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчул тӀаьхьа, со, Даниал, цуьнан маьӀна лоьхуш вара. Ткъа цӀеххьана суна хьалха стеган аматехь волу цхьаъ дӀахӀоьттира.
16
ТӀаккха Улай-хин тӀера адаман аз хезира суна. Цу озо, кхойкхуш, бохура: «Джабраил-малик, кху суьртан маьӀна дехьа цунна!»
17
Цул тӀаьхьа со лаьтташ волчу метте тӀевеара иза. И тӀевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кӀант, хӀара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!»
18
Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Ӏара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тӀе дӀахӀоттийра.
19
«ХӀинца Делан оьгӀазлонан тӀаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, — элира соьга малико. —
20
Хьуна гина болу ши маӀа йолу ка — уьш мадайхойн а, парсихойн а паччахьаш бу.
21
Ткъа хьуна гина йолу месала бож — иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бӀаьргашна юккъехь йолу йоккха маӀа — иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву.
22
И маӀа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маӀа тӀеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дӀахӀуттур ю, амма, хӀара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза.
23
Ткъа церан паччахьалла чекхдолуш, уьш кхоччуш къинош латийна бевллачу хенахь, эхь доцу, тешнабехк барехь корматалла шегахь йолу цхьа паччахь дӀахӀуттур ву.
24
Цуьнан ницкъ чӀагӀлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тӀехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хӀаллакдан а ларош хир ву иза.
25
И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДӀахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цӀеххьана хӀаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хӀаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац.
26
Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг — иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела».
27
Масийтта дийнахь гӀора а дайна, цомгуш хилла Ӏийра со, Даниал. Цул тӀаьхьа а бен паччахьан гӀуллакхаш дан вола ца велира со. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртах со цецваьллера, со цунах ца кхетара.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12