bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Daniel 6
Daniel 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 7 →
1
Пачхьалкхан массо а маьӀӀехь шен олалла чӀагӀдан, Дари-Ваша-паччахьна бегӀийла дара шен пачхьалкхана тӀехь цхьа бӀе ткъа тхьамда хӀоттор.
2
Паччахьо оцу тхьамданашна тӀе кхо эла дӀахӀоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дӀадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза.
3
Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тӀех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тӀехь иза коьртаниг а вина, дӀахӀотто дагадеанера паччахьна.
4
Цундела пачхьалкхана тӀехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хӀума а ца нислора.
5
«Нагахь санна Даниал шен динан парзаш кхочушдарца вай бехке ца вахь, цунна дуьхьалдаккха вайна кхин бахьана карор дац», — элира цу наха.
6
Цу элаша а, тхьамданаша а къайлаха барт бира паччахьна тӀебаха. Шаьш паччахь волчу баьхкича, цуьнга иштта элира цара: «Дари-Ваша-паччахь! Вехийла хьо даим!
7
Массо а элаша а, тхьамданаша а, мехкан дайша а, хьехамчаша а, коьртачу кхелахоша а, вовшашлахь барт бина хьоьгара паччахьан омра далийта, ткъе итт дийнахь хьоьга, паччахь воцучуьнга, цхьаьнгга а кхечу деле я адаме дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлла.
8
И омра, цхьа а хийцамаш бан йиш йоцуш хилар билгал а доккхуш, дӀаязде. ТӀаккха, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь санна, и чӀагӀо йохо йиш хир яц».
9
И омра, дӀа а яздина, Дари-Ваша-паччахьо тӀечӀагӀдира.
10
Ткъа Даниал, паччахьо и омра чӀагӀдинийла шена хиъча, шен цӀа чу вахара. Цуьнан лакха тӀехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дӀадиллина дара. ХӀинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хӀоьттина, шен Далла доӀанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.
11
Къайлаха барт а бина, Даниал тергалвеш лелачу адамашна, Далла хьалха доӀа а деш, шена Делера гӀо доьхуш, гира хӀара.
12
ТӀаккха паччахь волчу а баьхкина, паччахье цо дина омра дагадаийтира цара: «Хьо вац и омра чӀагӀдинарг, муьлхха а стаг ткъе итт дийнахь, хьо воцучуьнга, цхьанна а адаме я Деле дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлларг?» Паччахьо жоп делира: «И дош чӀагӀо йолуш ду, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедал санна, цхьа а хийцам бан йиш а йоцуш».
13
«Йийсарехь болчу яхӀудхойх волчу Даниала, я хьо, паччахь, я ахь чӀагӀбина болу сацам тергал ца беш, дийнахь кхузза доӀанаш до, гора а хӀуттий» — аьлла, дийцира цара паччахье.
14
И шена хезча, паччахьна чӀогӀа халахеттера. Даниал кӀелхьарваккха дагахь, малх бузале цунна чӀогӀа гӀо дан гӀоьртира иза.
15
Амма цу наха, цхьаьна а кхетта, чӀогӀа хьовзийра паччахь. Цара бохура: «Хаа ду хьуна, паччахь, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь цхьаьна а билгалдаккхаро я сацамо паччахьо чӀагӀдинарг хийца йиш йоцийла».
16
ТӀаккха паччахьо Даниал, шена тӀе а валавайтина, лоьмаш чохь долчу ор чу кхоссийтира. Даниале паччахьо элира: «Гуттара а ахь Шена Ӏибадат деш волчу хьан Дала хьо кӀелхьарвоккхур ву!»
17
ТӀаккха, тӀулг а беана, оран бертиг дӀакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухӀарш тохарца дӀакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама.
18
Цул тӀаьхьа паччахь, шен цӀийнан гӀишло чу а вахана, юург а ца юуш, дӀавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан.
19
Ӏуьйранна сатоссуш хьала а гӀаьттина, сихха лоьмийн орана тӀевахара паччахь.
20
Орана тӀе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Ӏибадат деш волчу хьан Деле кӀелхьарваккхавеллий хьо?»
21
ТӀаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим!
22
Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дӀакъевлина. Со Далла хьалха цӀена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина».
23
Паччахьна иза чӀогӀа хазахийтира. Ор чуьра Даниал хьалаваккхийтира цо. Даниална тӀехь цхьа а тайпана хилла чов яцара, иза шен Делах тешаш хилла дела.
24
Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТӀаккха цара, даьӀахкаш а кегъеш, хӀаллакбира уьш.
25
Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира: «Шу маьрша дехийла!
26
Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьӀӀехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду.
27
Стигалахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойту, паргӀат а воккху, кӀелхьара а воккху Цо. Лоьмийн ницкъах Даниал ПаргӀатваьккхинарг а Иза ву».
28
Цул тӀаьхьа Дари-Вашас паччахьалла динчу заманчохь а, парсихойн Къуреша паччахьалла динчу хенахь а, аьтто а хуьлуш, дика вехира Даниал.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12