bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Daniel 9
Daniel 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 10 →
1
Мадайхойн тайпанара волчу Ахьаш-Варушан кӀант Дари-Ваша хашадхойн пачхьалкхана тӀехь паччахь хӀоьттира.
2
Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Ярушалайм-гӀала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.
3
ТӀаккха доӀанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тӀе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тӀеерзийра.
4
Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доӀа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!
5
Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тӀерадевллера тхо.
6
Хьан цӀарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугӀура оха.
7
Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхӀудхой а, Ярушалайм-гӀалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дӀадерзаре терра, Ахьа дӀасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка.
8
Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьӀаьржачу хӀиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела.
9
Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргӀаддевллехь а.
10
Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугӀура оха.
11
Дерриг а Исраилан халкъо дӀатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугӀуш, иза дӀадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неӀалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тӀехь язбина болу, хӀунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна.
12
ТӀаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тӀе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гӀалина тӀехь хилларг цкъа а стигал кӀел хилла а дац.
13
Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тӀе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар.
14
Везачу Эло, нийса хан тӀеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хӀунда аьлча Ша деш долчу массо а гӀуллакхашна тӀехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугӀура Цуьнан озе.
15
Ткъа хӀинца, Хьалдолу Дела, Ахьа Хьайн ницкъ болчу куьйгаца Хьайн халкъ Мисар-махкара арадаьккхина. И дар бахьана долуш Ахьа таханлера де тӀекхаччалц хьалаайина Хьайн цӀе. Оха къинош а летийна, хьарамдерг а лелийна.
16
Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дӀайоккхийла Ахь Хьайн оьгӀазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гӀалина тӀера. Иза Хьан гӀала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гӀалин а, Хьан халкъан а сий дайина.
17
ХӀинцца хазахьа, тхан Дела, Хьайн лай волчун доӀа а, даггара дехар а. Хьайн дуьхьа, Хьалдолу Эла, резахиларца хьажахьа дассийначу Хьайн дезачу цӀийне.
18
Сан Дела! ДӀахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бӀаьргаш дӀа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цӀе йоккхуш йолчу гӀалане а, хӀунда аьлча тхайн доӀанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш.
19
Хьалдолу Эла, дӀахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гӀуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дӀа ца тоьттуш, сан Дела, хӀунда аьлча Хьан цӀе тиллина Хьан гӀалина а, Хьан халкъана а».
20
Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дӀадийцира ас доӀанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дӀаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха.
21
Со доӀа дина валаза а волуш, суьйренан сагӀа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хӀуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тӀемадаьлла, сихха схьадеара.
22
Со кхета а веш, соьца къамел а деш, цо элира: «Даниал! Хьо кхеторхьама деана со хӀинца.
23
Хьо доӀа дан волавелча, хьан доӀанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дӀакхайкхо деана со. ХӀинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а кхета.
24
Кхузткъе уьттазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гӀалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тӀе мухӀар тоха а, къинош дӀадаха а, даим нийсо латтийта а, хӀуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чӀагӀдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а.
25
Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза.
26
ТӀаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхӀ-ворхӀ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хӀумма а дацахь а. Ткъа гӀала а, Делан цӀа а вогӀур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТӀаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тӀаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тӀекхаччалц тӀом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш.
27
Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхӀ хан-заманна барт чӀагӀбийр бу. Цу ворхӀ заманан эханехь дийнаташ дагош сагӀа даккхар а, кхийолчу хӀуманийн сагӀа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цӀийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тӀекхаччалц».
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12