bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Daniel 7
Daniel 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 8 →
1
Бавел-мехкан паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гӀенах суьрташ дуьхьалхӀиттира. ХӀетахь и шена гина гӀан, цуьнан маьӀна а дуьйцуш, дӀаяздира Даниала.
2
Шен дийцар дӀадолош, цо яздинера: «Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигалан еа а маьӀӀера хьоькхучу мохо хӀорд лестош гира суна.
3
Цул тӀаьхьа хӀорда чуьра, цхьаъ вукхунах тера а доцуш, доккха диъ экха араделира.
4
Хьалхарниг лом санна дара, амма аьрзунан санна тӀемаш дара цуьнан. Со хьийжира цуьнга, цуьнан тӀемаш схьа а даьхна, иза лаьттара хьалаайалц. И экха, адам санна, ирахӀоттийра. Цул тӀаьхьа цунна адаман кхетам белира.
5
Ченах тера а долуш, багарчу цергашна юкъахь бисина кхо пӀенда а болуш, цхьа агӀо хьалаайина а йолуш, шолгӀа экха дара лаьтташ. „ХьалагӀатта, шортта жижиг даа!“ — бохура цуьнга.
6
Цул тӀаьхьа цӀоькъабергах тера долу кхин а цхьа экха гира суна. Цуьнан букъ тӀехь олхазарийн санна биъ тӀам бара. Цу экхан биъ корта а бара, цунна делла олалла а дара.
7
Цул тӀаьхьа, къемате ирча а, чӀогӀа онда а долуш, доьалгӀа экха а гира суна буса дуьхьалхӀиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагӀий дӀакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маӀа а яра.
8
Со цу маӀашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маӀашна юккъехула кхин а цхьа жимо маӀа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маӀа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маӀана тӀехь бӀаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра».
9
«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гӀанташ дӀахӀиттийра. Цу гӀантех цхьанна тӀе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кӀайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цӀеначу кхакхана тӀера чоьш санна яра. Иза тӀехиъна гӀант цӀеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цӀе яра.
10
И летта йогу цӀе Цуьнан хьалххула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гӀуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТӀаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дӀаделладелира.
11
Со хьоьжуш лаьтташ, суна хезара цу маӀо деш долу кура къамелаш. Со хьоьжуш Ӏачу хенахь и доьалгӀа экха дийра, ткъа цуьнан дегӀ, кескаш а йина, дагадан цӀерга кхоьссира.
12
Ткъа кхечу акхарошна, церан олалла дӀа а даьккхина, кхидӀа яккха цхьа хан-зама а бен ца еллера.
13
Буьйсанна сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогӀу адамийн кӀантах тера цхьаъ гира суна. ТӀекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тӀевигира.
14
Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Ӏибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».
15
«Коьртарчу суьрташа сан, Даниалан, дегӀа чуьра са карзах а даьккхира, синтем а байира.
16
Цигахь лаьттачех цхьанна тӀе а вахана, хӀокху сайна гуш долчун ша ма-дарра нийса маьӀна дар дийхира ас. ТӀаккха малико, маьӀна а деш, дийцира соьга:
17
„И доккха диъ экха — иза Лаьтта тӀехь хьалахӀутту йолу йиъ пачхьалкх хир ю бохург ду.
18
Цул тӀаьхьа Веза Воккхачу Делан нехан карадоьрзур ду паччахьалла. Цара абаделлалц олалла а дийр ду“.
19
ТӀаккха доьалгӀачу экханах лаьцна бакъдерг хаа лиира суна. И экха вукхарах тера доцуш, къемате ирча дара. Аьчка цергаш а, цӀестан мӀараш а яра цуьнан. Юуш, отуш, йиснарг когашца хьоьшуш дара иза.
20
Цуьнан коьрта тӀехь йолчу итт маӀах а, шена тӀехь бӀаьргаш долчу а, кура луьйш бага йолчу а, вукхарал езо хетачу кхечу маӀах а лаьцна хаа лиира суна. И яра, шена хьалхара кхо маӀа охьа а йожош, керла яьлла маӀа.
21
Цу маӀо Веза Воккхачу Делан нахаца тӀом беш а, царна тӀехь толам боккхуш а гира суна,
22
Хенара Къано схьаваллалц. ТӀаккха, Веза Воккхачу Дала кхел яр дӀаделира Шен нехан кара. Цул тӀаьхьа паччахьалла Делан нахе кхочу хан тӀееара.
23
МаьӀна а деш, соьга иштта элира: „ДоьалгӀа экха — иза Лаьтта тӀехь, массо а кхечу пачхьалкхех тера а йоцуш, йоьалгӀа пачхьалкх хир ю бохург ду. Дерриге а Латта цу пачхьалкхо Ӏуьйшуш, хьоьшуш, отуш хир ду.
24
Итт маӀо гойту цу пачхьалкхера итт паччахь вериг хилар. Царал тӀаьхьа, царах тера а воцуш, кхин цхьа паччахь вер ву. Цо царна юкъара кхо паччахь охьатаӀор ву.
25
Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таӀзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Ӏедал а хийца гӀертар ву иза. И нах цуьнан кара дӀалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц.
26
Цул тӀаьхьа охьаховшур бу кхел йийраш шайн болх дӀаболо. Олалла цуьнгара дӀадоккхур ду иза гуттаренна а хӀаллаквархьама а, вохорхьама а.
27
Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кӀел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дӀалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Ӏибадат деш а, муьтӀахь а хир бу“.
28
Кху тӀехь сан дийцар чекхдолу. Со, Даниал, сан ойланаша чӀогӀа кхерийнера, со юьхь-басца а хийцавеллера, амма и дийцар ас сайн даг чохь латтийра».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12