bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hebrews 10
Hebrews 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 11 →
1
Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ӀиндагӀ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хӀора шарахь гуттар а дохучу сагӀанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогӀу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу.
2
Кхечу тайпана хилча, цара и сагӀанаш дохур дацара, хӀунда аьлча цкъа къинах цӀан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна.
3
Амма сагӀанаш дахарца хӀора шарахь а къинош дагадохкуьйту.
4
ХӀунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цӀийно къинош дӀадохур дац.
5
Цундела дуьнен чу вогӀучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагӀанаш а, совгӀаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегӀ кечди Ахьа.
6
Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш ца тайна Хьуна.
7
ТӀаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тӀехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со, Дела“».
8
Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагӀанаш а, совгӀаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагӀанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тӀедуьллуш делахь а).
9
Цул тӀаьхьа Цо тӀетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогӀу Со». Хьалхарниг дӀадоккху Цо шолгӀаниг чӀагӀдархьама.
10
Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дегӀ цкъа гуттаренна а сагӀина даларна.
11
Муьлхха а динан да хӀора дийнахь Далла Ӏамал еш ву, цкъа а къинош дӀадахалур доцу цхьатерра сагӀанаш мосуьйттазза а дохуш.
12
Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагӀа а даьккхина, Далла аьтту агӀор охьахиъна,
13
Шен когашка Шен мостагӀий Дала охьабахккалц, хьоьжуш.
14
Цкъа даьккхинчу сагӀанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш.
15
Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца:
16
«Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хӀара денош дӀадевлча, — боху Везачу Эло. — Айса тӀедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тӀехь яздийр ду Аса».
17
ТӀаккха Цо тӀетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса».
18
Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагӀанаш даха кхин ца оьшу.
19
Иштта, вежарий, Ӏийсан цӀий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цӀийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн.
20
Ӏийсас, Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Ӏийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу.
21
Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цӀенна тӀехь хӀоттийна ву вайн.
22
ЦӀеначу дагаца, чӀогӀачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тӀелацарх цӀан а дина, вайн догӀмаш цӀеначу хица а дилина.
23
Ваьш сатуьйсург чӀогӀа лардан деза вай, хӀунда аьлча ваӀда Динарг тешаме ву.
24
Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гӀуллакхашна а ваьш иракара а хӀиттош.
25
Вешан гуламаш дӀатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гӀо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.
26
Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагӀа кхин ма ца дуьсу вайн.
27
Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагӀий дӀакхоллу йолу цӀе а тӀеяре кхерамца хьежар.
28
Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.
29
Ойла ел, мел чӀогӀа таӀзар дийр ду Делан КӀант емалвинчунна, Делаца бина барт чӀагӀбина а, ша вазвина а долчу цӀийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна?
30
Вайна хаьа, хӀара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
31
Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар!
32
Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тӀаьхьа, шу, чӀогӀа баланаш а лайна, чекхдевлира.
33
ЦкъаццӀа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дӀахӀиттош хилла. ЦкъаццӀа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу.
34
Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дӀадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хӀунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дӀаер йоцу а хазна шайн юйла.
35
Иштта шайн доьналлех ма доха, хӀунда аьлча цунах шуна доккха совгӀат лур ду.
36
Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца.
37
ХӀунда аьлча: «Йиснарг кӀезиг хан бен ма яц, тӀаккха и ван везаш верг вогӀур ма ву — иза хьелур вац.
38
Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву, ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац».
39
Юха а девлла, хӀаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кӀелхьардохучарах ду.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13