bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hebrews 4
Hebrews 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 5 →
1
Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.
2
Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо.
3
Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хӀунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь.
4
Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхӀалгӀачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира».
5
Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш».
6
Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догӀарна.
7
Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш».
8
Нагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара.
9
Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу.
10
ХӀунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гӀуллакхех паргӀатваьлла, Дела Шен гӀуллакхех паргӀат ма-валлара.
11
Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.
12
Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
13
Чохь са долу хӀума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бӀаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
14
Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.
15
ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.
16
Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13