bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hebrews 13
Hebrews 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
1
Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе.
2
Хьаша тӀеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тӀе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш.
3
Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Ӏазапехь бохкурш, шайн догӀмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.
4
Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дӀадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.
5
Ахчанна тӀаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».
6
Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»
7
Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта.
8
Дала леррина къобалвина Ӏийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.
9
Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чӀагӀдар гӀоле ю, хӀума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.
10
Вайн сагӀа доккху кхерч бу, цу тӀера хӀума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчеран.
11
Къинах долчу сагӀина дайинчу дийнатийн цӀий динан коьртачу дас Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.
12
Иштта Ӏийсас а, Шен цӀийца нах базбархьама, гӀалин кевнал арахьа бала лайра.
13
Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тӀе а лоцуш.
14
Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гӀала яц, вай хин йолу гӀала лоьхуш ду.
15
Ӏийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагӀа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цӀе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.
16
Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хӀунда аьлча иштта сагӀанаш Далла тамехь ду.
17
Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтӀахь а хила, хӀунда аьлча уьш массо а хенахь шун гӀайгӀа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.
18
Тхох лаций доӀанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цӀена хиларх, хӀунда аьлча массо а хӀуманна тӀехь хьанал хила гӀерта тхо.
19
Къаьсттина доьху шуьга доӀа дар, Дала со сиха шайна тӀе юхаверзорах лаций.
20
Шен цӀийца гуттар а болу барт чӀагӀбина волу вайн Веза Эла Ӏийса, уьстагӀийн сийлахь Ӏу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,
21
Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хӀума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.
22
Ас доьху шуьга, динан вежарий, хӀокху иракарахӀотторан даше собарца ладогӀар, яздинарг башха дукха а дац.
23
Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргӀатваьккхина. Иза кестта схьавагӀахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.
24
Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.
25
Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13