bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hebrews 7
Hebrews 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 8 →
1
Малки-ЦӀадакъа Шалейм-гӀалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тӀехь толам а баьккхина, цӀа вогӀуш волчу ИбрахӀимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦӀадакъас.
2
Ша тӀамехь мел даьккхинчух уьтталгӀа дакъа цунна дӀаделира ИбрахӀима. Малки-ЦӀадакъин цӀе ши маьӀна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгӀа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду.
3
Делан Йозанаша хӀумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КӀант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза.
4
Шуна го, шен тоьллачу хӀонсах уьтталгӀа дакъа ИбрахӀима делларг мел сийлахь ву.
5
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгӀа дакъа схьаэца, ИбрахӀимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь.
6
Малки-ЦӀадакъас, ша Левин тӀаьхьенах вацахь а, ИбрахӀимера уьтталгӀа дакъа схьа а эцна, Дала чӀагӀо йина волу иза декъалвира.
7
Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан.
8
УьтталгӀа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦӀадакъах — иза дийна ву аьлла.
9
Ала мегар ду, уьтталгӀа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахӀимехула и уьтталгӀа дакъа делла.
10
ХӀунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахӀиман цӀийца вара, Малки-ЦӀадакъа цунна дуьхьалвеача.
11
Левин тӀаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дӀабелла), Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхӀаронан даржехь а ца хуьлуш?
12
Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гӀуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу.
13
Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогӀуш ву, царах цхьа а сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гӀуллакх деш ца хилла.
14
Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхӀудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хӀумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.
15
Иза кхин а чӀогӀа билгалдолу, Малки-ЦӀадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча.
16
Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву.
17
ХӀунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
18
Цхьана агӀор хьалха тӀедиллина хилла парз дӀадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна,
19
(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хӀума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агӀор хӀинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо.
20
Дала чӀагӀо ярца хилла ду и гӀуллакх. Вуьш, цхьа а чӀагӀо ца еш, динан дай хиллехь а,
21
Ӏийса чӀагӀо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чӀагӀо йина, ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо“».
22
Цунах гуш ду Ӏийса тоьллачу бертан закъалт хилар.
23
Динан дай дуккха а хилла, хӀунда аьлча Ӏожалло кхидӀа шайн гӀуллакх ца дойтура цаьрга.
24
Ткъа Ӏийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гӀуллакх дар а хедар доцуш ду.
25
Цундела Шегахула Далла тӀевогӀург Цуьнга кхоччуш кӀелхьарваккхало, хӀунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доӀанаш дийр ду Ша кӀелхьарбохучарах.
26
Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цӀена а, къинош летийначарах дӀакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а.
27
Динан вукху коьртачу дайн санна, хӀора дийнахь цкъа хьалха Шена тӀера, юха нахана тӀера сагӀанаш даха ца деза Цуьнан, хӀунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагӀа, Ша дӀа а велла.
28
Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хӀиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тӀаьхьа еанчу дуйнан чӀагӀоно динан коьрта да хӀоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КӀант.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13