bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Hebrews 11
Hebrews 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 12 →
1
Тешар сатуьйсуш долчунна тӀехь латтар а, ца гуш долчух шеко йоцуш хилар а ду.
2
Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш.
3
Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх.
4
Тешар хиларна, Хьабула Кхаима чул тоьлла сагӀа даьккхира Далла. Цуьнан тешар бахьана долуш Дала, Хьабула деана совгӀаташ схьа а эцна, иза Шен лаамехь хиларан тоьшалла дира. Хьабул кхелхинехь а, шен тешар хиларна, къамел деш ву иза хӀинца а.
5
Тешар хиларна, валар хӀун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХӀанох: «...иза ца карийра, Дала иза дӀаэцна дела». ХӀанох дӀаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша.
6
Тешар ца хилча, Дела реза войла дац. Далла тӀевогӀуш верг теша веза Иза хиларх а, Цо Ша леррина лоьхучунна совгӀат луш хиларх а.
7
Тешар хиларна, цу хенахь хӀинца а ган йиш йоцуш долу хӀума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кӀелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тӀаьхьало елла цунна Дала.
8
Тешар хиларна, Дала шена тӀедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тӀе вахара ИбрахӀим. Ша стенга воьду а ца хууш, дӀавахара иза.
9
Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тӀехь Ӏийна иза, тӀевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Ӏийна иза, цуьнца цхьатерра ваӀданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Ӏарра.
10
Дела суртдиллархо а, гӀишлоярхо а волуш, ондачу бух тӀехь гӀала схьаяре хьоьжуш Ӏара ИбрахӀим.
11
Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тӀеийцира ИбрахӀима, хӀунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла.
12
Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хӀордан берда тӀера гӀум а санна, дукха нах.
13
Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хӀуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тӀедаьхкина нах а ду лаьтта тӀехь.
14
Иштта шайх лаьцна бохучара шаьш чубогӀу болу мохк шаьш лоьхуш хилар гойту.
15
Нагахь церан дагахь шаьш дӀатесна даймохк хиллехьара, церан хан яра цига юхадерза.
16
Амма уьш тоьллачу даймахке сатесна бу — стигаларчу даймахке. Цундела, наха Ша церан Дела ву аьлча, Далла эхь ца хета: Цо царна гӀала кечйина.
17
Тешар хиларна, ИбрахӀима, ша зийча, сагӀа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тӀеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кӀант сагӀина дӀавала резахилла иза.
18
Цу кӀантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тӀаьхье».
19
ИбрахӀимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла — ткъа цо шен кӀант веллачуьра санна схьаийцира.
20
Тешар хиларна, Исхьакха декъалвира Якъуб а, Ӏесав а, церан хиндолчуьнга хьаьжжина.
21
Тешар хиларна, ша леш, Якъуба декъалбира Юсупан кӀентий, шен Ӏасанна тӀе а вазлуш, Далла Ӏамал йора цо.
22
Тешар хиларна, Юсупа, ша лечу хенахь, исраилхой Мисарара арабевр бу аьлла а дийцира, шен даьӀахкех весет а дира.
23
Тешар хиларна, Муса вича, цуьнан дас-нанас кхаа баттахь лечкъош лелийра иза, хӀунда аьлча царна гора бер хаза хилар. Паччахьан омранах кхера ца белира уьш.
24
Тешар хиларна, ша воккха хилча, пирӀунан йоӀан кӀант ву ала дуьхьал хилира Муса.
25
Делан халкъаца халонаш лан резахилира иза, йоццачу ханна долу къилахь самукъадалар лелочул.
26
Дала леррина Къобалвинчун сийсазвар шена доккхаха хьал лерира Мусас Мисар-мехкан хазнел а. Иза шена лун долчу совгӀате хьоьжура.
27
Тешар хиларна, Мисар-мохк дӀатесна цо, паччахьан оьгӀазаллех а ца кхоьруш, хӀунда аьлча, ца гуш Волчуьнга хьоьжуш санна, доьналла долуш вара иза.
28
Тешар хиларна, нахе Пасахьан деза де кхочушдайтира цо, цӀийн цинцаш неӀаран гурашна тӀе а деттийтира цо, исраилхойн дуьххьара хилла бераш мулкалмоте хӀаллак ца дайта.
29
Тешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара.
30
Тешар хиларна, Ерихон-гӀалин пенаш охьаийгира, исраилхоша царна ворхӀ дийнахь гонаш даьхча.
31
Тешар хиларна, Далла муьтӀахь боцучу кхечу нахаца хӀаллак ца хилира гӀалане хьовса къайлаха баьхкина исраилхой тӀелаьцна йолу, нахаца лела Рахьаб.
32
Кхин хӀун эр дара ас? Хан тоьар яц суна ГадӀанах а, Баракхах а, Шамшонах а, Яптахьах а, Даудах а, Шамъалах а, пайхамарех а лаьцна дийца.
33
Тешар хиларна, пачхьалкхашна тӀехь толамаш а бохуш, нийсо а лелайойтуш, Дала лур ду аьлла хӀуманаш схьа а оьцуш, лоьмийн баганаш дӀа а къовлуш,
34
буьрса цӀе а йойуш, ирачу туьрах кӀелхьар а довлуш, гӀелделча, дегӀе ницкъ а богӀуш, тӀамехь онда а хуьлуш, мостагӀийн эскарш а лохкуш, хилла уьш.
35
Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргӀато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама.
36
Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тӀехь.
37
Царна тӀулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цӀа а доцуш, уьстагӀийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш.
38
Дерриг а дуьненал лакхара болу уьш яьссачу аренашкахула, лаьмнашкахула, хьехашкахула, Ӏаннашкахула бевлла лелара.
39
Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара.
40
Дала вайна цхьа тоьлла хӀума билгалдаьккхинера, уьш вайца цхьаьна бен кхачаме ца хилийтархьама.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13